Урокан ц1е:Яралиев Ю. «Кад.»
1алашо: Авторан дахар а, кхолларалла а карладаккхар..
Стихотворенин чулацам бовзийтар.
Урок д1аяхьар.
Ι.Урокан болх д1ах1оттор.
ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.
1)Ахмадовн Мусан биографи схьайийцитар.
2)рог1ехь йийцитар.
3)хаттарш далар.
-Мила ву дийцаран турпалхо?Мел хан ю цуьнан?
-Х1унда вог1уш хилла Зеламха, х1ора денна аьлча санна , з1енан отделени йолчу керта?
-Маца евзина Хилла Зеламхина Ба1а?Цуьнан кхетамехь мила ю и?
-Х1ун кхаъ баьккхина хазахетийтира дас Зелимхина?
-Нана больницера ц1а яре сатуьйсуш, х1ун тайпа сурт дуьхьалтуьйсура к1антана?
-Зеламхина Зайнаъ цаезаран бахьана дийца.
-Шен доттаг1чунна Шарпуддинах х1ун накъосталла дан г1ерташ хилла Зеламха?
-Х1унда дохийна хилла Зеламхас з1ена отделенин кор?
-Аша х1ун дийр дара цуьнан метта хилча?
-Зударий цецбаьхнарг х1ун дара?
-Зеламхин даг чохь 1аь1нарг х1ун хиллера?
ΙΙΙ.Хьалха 1амийнарг карладаккхар.
- Ц1ерш яха вай 1амийначу яздархойн?
-Халкъан барта кхоллараллех лаций дийца?
-Маца а,мичахь вина Ахмадов 1.?
-Муьлха дийцар дув ай цуьнан 1амийнарг?
-Х1ун хан ю дийцар т1ехь гайтинарг,муьлш бу цуьнан коьрта турпалхой?
-Жимачу доьзалан 1ер-дахар а,церан вовшашца йолу юкъаметтиг а муха гайтина дийцарехь?
-Зараан дотт1аг1чо цуьнан деда эвлаяъ санна стаг ву аларан х1ун бахьана ду?
-Вайн махкахь хиллачу т1амо жимачу Зараан дахаре беанчу бохамах лаций дийца.
-Чов а йина, ша больнице охьайиллинчу хенахь,х1ун ойланаш йора жимачу Зараа?
ΙV. Керла коьчал йовзийтар.
Хьехархочун дош:
1)Нохчийчоьнан Ведана к1оштарчу Хорача эвларчу Яр-1елин к1ентан Сардал-1елин к1ант Юсуп дуьнен чу ваьлла 1955-чу шеран 1-чу майхь . Кхазахстанан Кхызыларда-г1алахь махках баьккхина хиллачу доьзалехь.
1973-чу шарахь чекхъяьккхина Веданара №1 йолу юккъера школа. Оццу шарахь деша а вахана, 1978-чу шарахь чекхъяьккхина Нохч-Г1алг1айн пачхьалкхан университетан филологин факультет, нохчийн меттан, литературин, оьрсийн меттан, литературин хьехархочун говзалла а йолуш.Къинхьегаман дахар Ю.С. Яралиевс д1адолийра 1976-чу шарахь нохчийн меттан, литературин; оьрсийн меттан, литературин хьехархочун ц1арх Соьлжа-г1алин к1оштарчу Алда-юьртан №39 йолчу школехь. Цул т1аьхьа изза хьехархочун белхаш бира Хорачарчуй, Элистанжарчуй, Веданарчуй школашкахь а. Цул т1аьхьа – районан газетехь, республикин телевиденехь, культуран министерствехь, «Исламан з1аьнарш» газетехь. Республикан газеташкахь, радиохь, телевиденехь статьяшца а, стихашца а г1аравийлина.Кхоллараллин некъ са а кхеташ д1аболийна 1968-чу шарахь. Дуьххьара зорбане ваьлла 1972-чу шеран июлехь. Къоначу поэтийн республикански конкурсехь, 1978-чу шарахь шолг1а меттиг а, 1982-чу шарахь хьалхара меттиг а йоккхуш, премин лауреат а хилла. «Сатийсамийн анайисташ» (1978), «Даймехкан мукъамаш» (1985), ц1ерш йолуш арайийлинчу поэзин гуларийн авторех цхьаъ ву Юсуп.1989-чу шарахь Ю.С. Яралиевс арахийцира «Шовданехь суьйре» ц1е йолуш поэзин тептар.Тоьлла йолу байташ 2004-чу шарахь Москвахь араяьллачу «Нохчийн поэзин антологии» юкъаяхана.Поэтан цхьайолчу байташ т1ехь даьхна ду г1арадевлла иллеш, эшарш: «Оршот-буьйса», «Стела1ад», «Дог ду холчохь», «Г1иллакх», «Дала ма лайла вай, к1ентий!», «Бакъ ду хьуна…», «Хьоьга хьоьжуш», «Буйннал бен йоцу сан Нохчийчоь».Яралиев Юсуп Сардал-Алиевича язбина 1илманан белхаш а: «Нохчийн меттан тайп-тайпанчу диалекташлахь хорочойн мотт», «Ведана районерчу наха чохь-арахь буьйцучу маттера фразеологизмаш», «Нохчийн хандешнийн башхаллаш, таронаш», «Нохчийн абат карлаяккха езарх лаьцна».1989-чу шарахь дуьйна Яралиев СССР-н журналистийн Союзан декъашхо ву. Яздархойн Союзе т1еэцна 1993-чу шарахь.Доьзал болуш ву, пхеа беран да ву.Вехаш-1аш ву Веданахь.
2)Хьанал къинхьегам а,стеган говзалла а къобалдъяр.Дахар хаздеш дерг а,кхолош дерг а адам хилар гойту кху стихотворени т1ехь.Стихотворенин филосовски маь1на а, меттан исбаьхьаллин билгалонаш а го.
ΙV.1амийнарг т1еч1аг1дар.
1. Дешархошка ешийтар.
2.Дуьххьара шера а, дика а йоьшуьйту дешархошка.
VΙ.Хаттарш а луш д1ахьо болх.
-Муха ду боху поэта адамийн дахар?
-Х1ун аьлла бина пхьеро нахана кад?
-Пхьеро биначу кедах муха пайдаоьцур бу наха,поэтана хетарехь?
-Хьанах доьзна ду кедах хиндерг?
-Муьлха къинхьегам бу поэта къобалбийриг?
VΙΙ.Урокан жам1 дар.
-Вай урокан ц1е х1ун ю?
-Муьлха автор ву вай тахана 1амийнарг?
-Цо язина муьлха стихотворени вай тахана 1амийна?
Ком-ть еш оценкаш д1ах1иттайо.
VΙΙΙ.Ц1ахь бан болх.
1. Яралиев Ю..дахарех некъ хаар.
2. Шера ешар,хаттаршна жоьпаш далар.
Г1а урок.
Урокан ц1е:Жам1 дар
1алашо: Шеран 1амийнарг карладаккхар а, т1еч1аг1дар а.
Урок д1аяхьар.
Ι.Урокан болх д1ах1оттор.
ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.
1) Яралиев Ю.биографи схьайийцитар.
2)рог1ехь йийцитар.
3)хаттарш далар.
-Муха ду боху поэта адамийн дахар?
-Х1ун аьлла бина пхьеро нахана кад?
-Пхьеро биначу кедах муха пайдаоьцур бу наха,поэтана хетарехь?
-Хьанах доьзна ду кедах хиндерг?
-Муьлха къинхьегам бу поэта къобалбийриг?
ΙΙΙ.Хьалха 1амийнарг карладаккхар.
-Маца кхоллаелла халкъан барта кхолларалла?
-Х1ун тайпа произведенеш юкъайог1у халкъан барта кхоллараллина?
-Х1ун башхалла ю иллешний, туьйранашний юккъехь?
-Халкъан барта кхоллараллина юкъа х1ун йог1у?
-Турпалхо Эвтархойн Ахьмад муха къонах хилла?
-Фольклорана юкъадог1ий иллеш?
-Муьлха произведенеш 1амийна вай?(«Эвтархойн Ахьмадан илли»,«Таймин Бийболатан илли»,
«Наьрт-Эрстхойн паччахь Наураз»,«Ницкъ болу Солса»,«Нийса кхел» иштта д1а кхи.
-Муьлха иллеш девза шуна?
-Муьлха дийцарш девза шуна?
-Муьлха авторш бевза шуна?
-Муьлха произведени 1амийна Гайсултанов 1умари?
-Хьан яздина«Лоьмий, цхьогаллий» ц1е йолу басни?
-Муьлха стихотворени 1амийна вай Раиса Ахматови?
-Сатуев Хь. баснеш муха хета шуна?Церан амалш адамийчух тера юй?
-«Йиша т1емало» ц1е йолчу поэми т1ехь юьйцург мила ю?
-Сулаев М. маца вина?
-Маца вина Ш.Рашидов?
-Муьлха произведенеш язйина цо?
-Маца а, мичахь а вина М.Кибиев?
-«Меттан сий» стихотворенин мехалла?
-Муьлха дийцар дара шуна хазахетта дагахьлаьттинарг?
-Очерк х1ун произведени ю?
-Повесть муьлхачу произведенех олу?
-Муьлха дийцар 1амийна вай?
-Маца а,мичахь вина Бадуев С.?
-Гайсултанов 1умар ваьхна шераш?
-Муьлха баснеш 1амийна вай?
- Ц1ерш яха вай 1амийначу яздархойн?
-Халкъан барта кхоллараллех лаций дийца?
-Саракаевн «Ирсе б1аьрхиш» дийцар т1ехь коьрта тема х1ун ю?
-Ошаевн «Чайра» дийцар т1ехь юьйцург х1ун зама ю?
-Цу дийцаран коьрта тема х1ун ю?
ΙV.1амийнарг т1еч1аг1дар.
1. Дешархошка шайна хазахеташ йолу произведенеш йийцитар.
VΙΙ.Урокан жам1 дар.
-Вай урокан ц1е х1ун ю?
-Х1ун 1амийна 6-чу классехь?
-Х1ун пайда ийцира аш 1амийначарех произведенех,яздархойх?
Ком-ть еш оценкаш д1ах1иттайо.
VΙΙΙ.Ц1ахь бан болх.
1амийнарг карладаккхар,т1еч1аг1дар.