Урокан ц1е:Осмаев Г. «Гила борз.»

1алашо: Авторан дахар а, кхолларалла а довзийтар.

Дийцарин чулацам бовзийтар.

Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

1)рог1ехь йийцитар.

2)хаттарш далар.

-Х1ун хаьа.Окуев Ш. лаьцна?

-Цуьнан муьлха произведенеш евза шуна?

-Б1аьстенан 1аламан хийцамаш а, сурт а муха гайтина поэта?

-Б1аьстенан юьхь муха гайтина стихотворенехь?

-Ша массарал а ирс долуш маца хета лирически турпалхочунна?

ΙΙΙ.Хьалха 1амийнарг карладаккхар.

Хаттарш:

-Повесть муьлхачу произведенех олу?

-Муьлха дийцар 1амийна вай?

-Маца а,мичахь вина Бадуев С.?

-Гайсултанов 1умар ваьхна шераш?

-Муьлха баснеш 1амийна вай?

- Ц1ерш яха вай 1амийначу яздархойн?

-Халкъан барта кхоллараллех лаций дийца?

-Саракаевн «Ирсе б1аьрхиш» дийцар т1ехь коьрта тема х1ун ю?

-Ошаевн «Чайра» дийцар т1ехь юьйцург х1ун зама ю?

-Цу дийцаран коьрта тема х1ун ю?

ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

1)Нохчийн литературехь Осмаев А. поэт санна билгалваьлл ву.Иза вина 1947-чу шарахь.Белхаш бина книжни издательствехь«Орга» альманахехь.Осмаев А. шен хат1 а, ша-тайпа исбаьхьаллин лехамашкахь кхиамаш а

болуш поэт ву.

Осмаев поэтически произведенеш зорбане йийлина республикан газетийн,журналийн аг1онаш т1ехь а,

юкъарчу гуларшкахь а.

Масех поэтически книгин автор ву иза .Царех цхьаъ-«Хьалхара г1арг1улеш»-Нохч-Г1алг1айн книжни издательствехь арахецна 1984-чу шарахь.

Стихаш язйина ца 1аш, дийцарш а яздина цо.

2)«Гила борз.»ц1е йолу дийцар т1ехь вайн го адам а, 1алам а…Даима а вовшашца уьйр йолу Дала кхоьлллина

исбаьхьалла ю.Х1ора х1уманан шен кхоллам бу,дуьнен чу яларца.яхарца,шен синхаам бу.

Филосовски кепехь адаман а, берзан а къовсам бу дийцар т1ехь яздархочо гайтинарг.

V. Словарни болх.

Оьмар –дахар.

Чхернаш-т1улгаш

Саьнгар -даьккхина ор.

Ткъесан битамехь-дукха сиха,маса.

Гежарца-цергаш гучуйохуш.

Ткъеса хьажийна-топ а хьажийна.

Ч1ижарг1анийн-тоьпан.

VΙ.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1. Дешархошка ешийтар.

2.Дуьххьара шера а, дика а йоьшуьйту дешархошка.

3.Дешархошка шаьш ма кхеттара схьадуьйцуьту дийцар

VΙΙ.Хаттарш а луш д1ахьо болх.

-Х1ун дара Даудан дагахь 1еткъаш дерг?

-Борз кхузарчу меттигашка схьакхалхаран х1ун бахьана хилла?

-Даудах х1унда ца тешаш хилла 1усман?

-Дахарехь дукха х1уманаш гина волу Дауд стен цецваьккхинера?

-Шуна муха хета,оцу меттигера д1а х1унда яхана борз?

VΙΙΙ.Урокан жам1 дар.

-Вай урокан ц1е х1ун ю?

-Муьлха автор ву вай тахана 1амийнарг?

-Цо язйина муьлха дийцар вай тахана 1амийна?

Ком-ть еш оценкаш д1ах1иттайо.

ΙX.Ц1ахь бан болх.

1.Осмаев А.. дахарех некъ хаар

2. Дийцаран чулацам схьабийцар.

Г1ий урокаш.

Урокан ц1е:Ахмадов 1. «Воккха дада.»

1алашо: Авторан дахар а, кхолларалла а довзийтар.

Дийцарин чулацам бовзийтар.

Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

1)рог1ехь йийцитар.

2)хаттарш далар.

-Х1ун дара Даудан дагахь 1еткъаш дерг?

-Борз кхузарчу меттигашка схьакхалхаран х1ун бахьана хилла?

-Даудах х1унда ца тешаш хилла 1усман?

-Дахарехь дукха х1уманаш гина волу Дауд стен цецваьккхинера?

-Шуна муха хета,оцу меттигера д1а х1унда яхана борз?

ΙΙΙ.Хьалха 1амийнарг карладаккхар.

Хаттарш:

-Повесть муьлхачу произведенех олу?

-Муьлха дийцар 1амийна вай?

-Маца а,мичахь вина Бадуев С.?

-Гайсултанов 1умар ваьхна шераш?

-Муьлха баснеш 1амийна вай?

- Ц1ерш яха вай 1амийначу яздархойн?

ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

1)Ахмадов 1умар вина 1927-чу шарахь Хьалха- Мартант1ехь.Иза школехь доьшуш а волуш вайн халкъ махках даьккхира, цуьнан бераллин хан Г1ум-Азин махкахь д1аяхана.Школехь доьшуш волуш дуьйна исбаьхьаллин литература дукхаезаш вара 1умар.Школа чекхъяккхинчул т1аьхьа цо дешна Алма-Атахь пачхьалкхан университетехь.

Берийн яздархо, журналист вайн махкахь дика вевзаш а ву Ахмадов.

1952-1956-чу шерашкахь болх бина 1умара къона т1аьхье кхетош-кхиош, школехь берашна хьоьхуш.Цул т1аьхьа белхаш бина:«Ленинан некъ» газетехь,телевиденехь,радиокомитетехь.

Исбаьхьаллин литературехь шен ницкъаш зен волавелла 60-чу шерашкахь.1962-чу шарахь Нохч-Г1алг1айн книжни издательствехь араелира цуьнан «Даггара доттаг1ий » ц1е йолу дуьххьарлера книга.Х1етахь вукхунна т1аьххье араюьйлу Ахмадов 1умаран «Къонахалла»;«Тийна Малика»; «Забаре дийцарш».

Яздархочунна дика девза берийн дахар,церан дог-ойла,сатийсамаш.Ахмадов 1умар кхелхина 2002-чу шарахь.

2) Вайн махкахь бинчу т1амо адамийн а, жимачу йоь1ан а дахаре беанчу бохамах лаьцна ду дийцар.

Жимачу доьзалан 1ер-дахар а,церан вовшашца йолу юкъаметтиг а гойту.Нохчийчохь т1еман къахь х1оттар а, цо шеца еана къизалла а.Хуьлуш дерг жимачу йоь1ан баьргашца говза сурт х1оттарца гойту кху дийцар т1ехь.Кертахь иккхинчу бомбано чов йинчу йо1ах къахеташ,ненан дагчохь лаьтташ болу сингаттам яздархочо йоккхачу психологически к1оргаллица гойту.Шена х1ун хилла ца хууш,синтем байначу Зараан хаттарна воккха дадас къонахчун б1аьрхишца делла жоп.

Т1амо шеца бохам а,къизалла а яхьаш, адамийн дегнаш 1овжош хилар ч1аг1дар.Къизачу акхараллица х1аллакдинчу

бераллех яздархочун дог лазар го вайна.

V. Словарни болх.

сиркхо –цамгар.

иэсе-кхетаме еъча

Орга -Устрада-г1ала.

Чорда -чекхсагуш.

VΙ.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1. Дешархошка ешийтар.

2.Дуьххьара шера а, дика а йоьшуьйту дешархошка.

3.Дешархошка шаьш ма кхеттара схьадуьйцуьту дийцар

VΙΙ.Хаттарш а луш д1ахьо болх.

-Х1ун хан ю дийцар т1ехь гайтинарг,муьлш бу цуьнан коьрта турпалхой?

-Жимачу доьзалан 1ер-дахар а,церан вовшашца йолу юкъаметтиг а муха гайтина дийцарехь?

-Зараан дотт1аг1чо цуьнан деда эвлаяъ санна стаг ву аларан х1ун бахьана ду?

-Вайн махкахь хиллачу т1амо жимачу Зараан дахаре беанчу бохамах лаций дийца.

-Чов а йина, ша больнице охьайиллинчу хенахь,х1ун ойланаш йора жимачу Зараа?

VΙΙΙ.Урокан жам1 дар.

-Вай урокан ц1е х1ун ю?

-Муьлха автор ву вай тахана 1амийнарг?

-Цо язйина муьлха дийцар вай тахана 1амийна?

Ком-ть еш оценкаш д1ах1иттайо.

ΙX.Ц1ахь бан болх.

1. Ахмадов 1.дахарех некъ хаар.

2. Дийцаран чулацам схьабийцар.

Г1а урок

Урокан ц1е:Изложени.«Мухтар.».

1алашо:Дозуш долу къамел кхиор.

Изложенин чулацам буьззина д1аязда 1амадар.Предложенеш нийса вовшах таса хаар.

Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Изложенин кечам бар.

1)Хьехархочо текст д1ешар.

1ьйранна школе воьдуш вара Мухтар.Мартанг1еран кет1а нислушшехь, берийн мохь хезира цунна.Саца а сецна,ладуьйг1ира Мухтара-бакъонца тийшира иза кхераделлачу берийн аьзнаш хиларх.

Кхин хьем ца беш,ведда ц1ийнан не1аре а вахана. И схьаелла г1оьртира Мухтар,амма схьа ца еллаелира,чухула дог1а тоьхна хиллера цунна.Т1аккха ведда коре а вахна,корах чу хьаьжира к1ант-чохь буькъа к1ур бара.Хиира Мухтарна чохь ц1е яьллий.

Г1уллакх мало ян а, я т1аьхьататта йиш йолуш а дацара.„Же,Мухтар, сих алела!Г1о де берашна, к1елхьара даха уьш”-бохура цо ша-шега.

Буй тоьхна,аьнгали а дохийна,коран ши дакъа схьа а диллина,вахана ц1а чу иккхира иза.Маьнги т1ехь 1уьллу жима берм ара а доьллина,корах ара а иккхина,йистехьо охьадиллира Мухтара.Т1аккха маьнги к1елахь мохь оьхуш 1ен жима йо1 араяьккхира цо.Ц1ийнан цхьана сонехь,бертал а воьжна,г1ийла узарш деш 1уьллу жима к1ант а араваьккхира.

Юха ,ведда ураме а ваьлла,шен доггахь мохь бетта велира:„Орца дала!Орца дала1Ц1е яьлла,ц1а догуш лаьтта”-бохуш.Цуьнан мохь хезна лулахой а,урамехь нисбелла нах а схьахьаьлхир.Цара догучуьра ц1енош а,дукхах йолу чуьра х1уманаш а к1елхьара ехира.

2)Чулацам схьабийцийтар 1-2 дешархочуьнга.

3)Текст кхин цкъа а ешар.

4)Изложенин план х1оттор:

Беран мохь.

Наши рекомендации