Урокан ц1е:Бексултанов М. «Некъ лацар.»

1алашо: Авторан дахар а, кхолларалла а довзийтар.

Дийцарин чулацам бовзийтар.

Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

1)рог1ехь йийцитар.

2)хаттарш далар.

ΙΙΙ.Хьалха 1амийнарг карладаккхар.

Хаттарш:

-Очерк х1ун произведени ю?

-Повесть муьлхачу произведенех олу?

-Муьлха дийцар 1амийна вай?

-Маца а,мичахь вина Бадуев С.?

-Гайсултанов 1умар ваьхна шераш?

ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

1)Бексултанов Муса ву 80-чу шерашкахь баьхкинчу къоначу яздархойх цхьаъ.Муса вина 1954-чу шарахь ахархочун доьзалехь.Олхазар –к1отарахь ишколехь дешначул т1аьхьа.

1980-чу шарахь«Орга»альманаха т1ехь дуьххьара зорба тоьхна Бексултанов Мусан дийцаран,ткъа 1985-чу шарахь араяьлла цуьнан «Мархийн к1айн г1арг1улеш»ц1е йолу дийцарийн книга.

Бексултановн кхоллараллехь керла мур д1аболабелла лара мегар ду т1аьххьарчу шина-кхаа шарахь. Цуьнан керла дийцарш арадуьйлу«Орга»; «Вайнах» журналаш т1ехь.Дийцаран говзанча аьлла ц1е а яхана ву Бексултанов Муса исбаьхьаллин литературехь.

2)«Некъалацар» дийцар т1ехь вайна го вайн 1адаташ лардеш волчу воккха стаг а, нийсса б1останехьа болу кегийрхой а.Доссийна нускал ц1а далош ду аьлла некъалаца араваьлла шен к1ентан к1ентаца воккхастаг,к1анта цхьацца хетарш до к1анта.Воккхачу стага дуьйцург аьттехьа а ца хиллера.

V. Словарни болх.

Шамар ихна-хебаршка ихна долу

Шагар-чекх са гун к1айн т1улг

Хьаьаш-хьаьжк1аш.

VΙ.1амийнарг т1еч1аг1дар.

Дешархошка ешийтар.

Дуьххьара шера а, дика а йоьшуьйту дешархошка.

Дешархошка шаьш ма кхеттара схьадуьйцуьту дийцар

VΙΙ.Хаттарш а луш д1ахьо болх.

-Х1ун хаьа яздархочунах лаьцна?

-Цуьнан муьлха произведенеш евза шуна?

VΙΙΙ.Урокан жам1 дар.

-Вай урокан ц1е х1ун ю?Муьлха автор ву вай тахана 1амийнарг?

-Цо язйина муьлха дийцар вай тахана 1амийна?

Ком-ть еш оценкаш д1ах1иттайо.

ΙX.Ц1ахь бан болх.

1.Бексултанов М дахарех некъ хаар

2. Дийцаран чулацам схьабийцар.

Г1а урок.

Урокан ц1е:Дийцаран меттан башхаллаш къастор.

1алашо:Дийцаран меттан башхаллаш йовзийтар.

Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Ц1ахь кхочушдинарг толлу.

1)рог1ехь йийцитар.

2)хаттарш далар.

ΙΙΙ.Хьалха 1амийнарг карладаккхар.

Хаттарш:

-Муьлха баснеш 1амийна вай?

- Ц1ерш яха вай 1амийначу яздархойн?

-Халкъан барта кхоллараллех лаций дийца?

-Саракаевн «Ирсе б1аьрхиш» дийцар т1ехь коьрта тема х1ун ю?

-Ошаевн «Чайра» дийцар т1ехь юьйцург х1ун зама ю?

-Цу дийцаран коьрта тема х1ун ю?

-«Некъ лацар» дийцар хьан язйина?

-Цуьнан турпалхой муьлш бу?

-Цуьнан коьрта тема х1ун ю?

-Гайсултановн дийцар т1ехь «Нийса кхел» хьан йинера цу дийцарехь?

-Коьрта турпалхочун х1ун хьовзам баьллера?

ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

Дийцар эпически кепехь язйина , барамца йоккха прозаически произведени ю.Дийцаран буха биллина хила тарло турпалхочун дахарера шена т1е тидам боьдуш болу хилам.

Адамийн к1езиг дахар а гойтуш, дийцар стеган дахарера цхьаъ,наггахь масех а г1уллакх гойтуш йолу жима эпически произведени.

Исбаьхьаллин литературехь дахар гатар тайп-тайпана кхочушдина хила тарло:Дийцаран кепехь,адамаша деш дерг,иштта дуьйцуш долчуьнца доьзна церан г1айг1анаш,ойланаш,сатийсамаш,синхаамаш гайтаран кепехь.

V.1амийнарг т1еч1аг1дар.(-деш) цхьа дийцар дуьйцу дешархочо.Хьехархочо жамй до.

Ойла нийса ян а,тидам нийса т1ебахийтар.

VΙ. Словарни болх.

Челакха-аьрха;сиха;

Шахьар-г1ала;

1еламча-1илма долу дешна стаг.

Г1ота-уьстаг1ий чудохка йина меттиг.

VΙΙ.Урокан жам1 дар.

-Вай урокан ц1е х1ун ю?

-Стенах олу дийцар?

-Йийца дийцаран башхаллаш.

Ком-ть еш оценкаш д1ах1иттайо.

VΙΙΙ.Ц1ахь бан болх.

Конспект дагахь 1амо.

Г1а урок.

Урокан ц1е:Сочинени(дийцар яздар дуьйцуш хезначун бух т1ехь).

1алашо:Дозуш-долу къамел кхиор.

Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Сочинени язъян кечам бар.

Дешархошка хеттарш:

-Муьлха дийцарш, повесташ, романаш ешна аш?

-Царах уггар хаза,шун дагана т1еэцна произведенеш муьлхарш ю?

-Муьлха бу цу произведенин коьрта турпалхой?

-Цу произведенин турпалхойн васташ йийца.

-Х1унда хийтира шуна и произведени хаза?Х1ун тема яра цуьнан коьрта?

-Муха ду турпалхойн дахар?

ΙΙΙ.Барта дуьйцуьйту дешархошка дийцар.

ΙV.Сочинени язъяр.

V.Ц1ахь бан болх.

Болх чекхбаккха.

Г1а урок.

Урокан ц1е:Окуев Ш. «Б1аьсте.»

1алашо: Авторан дахар а, кхолларалла а довзийтар.

Стихотворенин чулацам бовзийтар.

Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

1)рог1ехь йийцитар.

2)хаттарш далар.

ΙΙΙ.Хьалха 1амийнарг карладаккхар.

Хаттарш:

-Муьлха дийцарш, повесташ, романаш ешна аш?

-Царах уггар хаза,шун дагана т1еэцна произведенеш муьлхарш ю?

-Муьлха бу цу произведенин коьрта турпалхой?

-Цу произведенин турпалхойн васташ йийца.

-Х1унда хийтира шуна и произведени хаза?Х1ун тема яра цуьнан коьрта?

-Муха ду турпалхойн дахар?

-Очерк х1ун произведени ю?

-Повесть муьлхачу произведенех олу?

-Муьлха дийцар 1амийна вай?

-Маца а,мичахь вина Бадуев С.?

-Гайсултанов 1умар ваьхна шераш?

-Муьлха баснеш 1амийна вай?

- Ц1ерш яха вай 1амийначу яздархойн?

-Халкъан барта кхоллараллех лаций дийца?

-Саракаевн «Ирсе б1аьрхиш» дийцар т1ехь коьрта тема х1ун ю?

-Ошаевн «Чайра» дийцар т1ехь юьйцург х1ун зама ю?

-Цу дийцаран коьрта тема х1ун ю?

ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

1)Хьехархочун дош.

-Вайн нохчийн поэташ, яздархой бевзий шуна?Ц1ераш яха.

-Х1ун произведенеш язйина цара?Аша муьлхарш ешна?

-Тахана вай дуьйцур ду Окуев Шима Хамидович лаьцна.

Иза вина 1937-чу шарахь,Йоккхачу Атаг1ехь юххехь Шуьйта боьдучу некъан аьтту аг1ор хиллачу Воздвиженски слободехь хьуьнхочун доьзалехь.Берахь дуьйна цунна гуш дерг,дуьххьалд1а,Нохчийн хаза 1алам дара.Боккха тидам беш ладоьг1ура цо халкъан иллешка,цуьнан ч1ог1а сакъералора халкъан ширачу хабарех.Соьлжа-г1алахь реальни училище чекхъяккхинчул т1аьхьа цо дешна Петроградехь хьуьнан институтехь.

Нохчийнлитературе кхоллалучу хенахь цунна юкъавеанчу Ошаевс доккха дакъалоцу литература кхиош.Цуьнан яздархочун некъ д1аболабелла 20-чу шерашкахь, школехь доьшуш волуш.Дуьххьара стихотворени зорбатоьхна 1959-чу шарахь.Х1етахь дуьйна газетан аг1онашна т1ехь ,,Орга” альманах,коллективни сборникаш т1ехь.

Нохчийн-Г1алг1айн книжни издательствехь арахецна Окуев Шими стихотворенин а,поэмийн а, романаш а,произведений а сборникаш:,«Ч1иро бехдина сий»«Чора»«Юьхь»«Ц1ий,латтий»«Т1аьххьара верас»

V. Словарни болх.

Тхи -

З1аьнарш-

Кхевси -

VΙ.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1. Дешархошка ешийтар.

2.Дуьххьара шера а, дика а йоьшуьйту дешархошка.

3.Дешархошка шаьш ма кхеттара схьадуьйцуьту дийцар

VΙΙ.Хаттарш а луш д1ахьо болх.

-Х1ун хаьа яздархочунах лаьцна?

-Цуьнан муьлха произведенеш евза шуна?

-Б1аьстенан 1аламан хийцамаш а, сурт а муха гайтина поэта?

-Б1аьстенан юьхь муха гайтина стихотворенехь?

-Ша массарал а ирс долуш маца хета лирически турпалхочунна?

VΙΙΙ.Урокан жам1 дар.

-Вай урокан ц1е х1ун ю?

-Муьлха автор ву вай тахана 1амийнарг?

-Цо язйина муьлха стихотворени вай тахана 1амийна?

Ком-ть еш оценкаш д1ах1иттайо.

ΙX.Ц1ахь бан болх.

1.Окуев Ш. дахарех некъ хаар

2. Стихотворенин чулацам схьабийцар.

Г1ий урокаш.

Наши рекомендации