Урокан ц1е:Дешархоша шаьш ешна произведенеш йийцаре яр.

1алашо:Дешархошна х1ун произведенеш йоьшу,царна муьлханаш царах хазахета.

Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх 1ах1оттор.

ΙΙ.Ц1ера болх таллар

1)-Шуна ц1ахь х1ун еллера?

- Стенах лаьцна дуьйцу кху стихотворени т1ехь?

2) рог1ехь йийцитар.

ΙΙΙ.1амийнарг карладаккхар.

1.Фронтальный хаттарш.

-Вайн нохчийн поэташ, яздархой бевзий шуна?Ц1ераш яха.

-Х1ун произведенеш язйина цара?

-Аша муьлхарш ешна?

-Басня х1ун произведени ю?

-Поэма муьлхачу произведенех олу?

-Муьлха дийцар 1амийна вай?

-Маца а,мичахь вина Ошаев Халид?

-Айдамиров Абузар ваьхна шераш?

ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

Дешархоша шаьш ешна произведенеш йийцаре йо.

1.Дийцарш а,стихаш а юьйцуш белахь шина декъе боькъу,царна шина командина ц1ерш а тохку.

Хьалха яьллачу командина пхеаннаш дохку,ткъа шолг1ачу командина деаннаш дохку.

2.Вовше х1етал-металш а олу. Хьехархочо шинне а командина пхиппа чаккхенаш ло.

3.Сиха сурт диллар.

4.Забаре дийцар дуьйцу командни капитанаша.

5.Командни капитанаш вовше шишша хаттарш ло.

VΙ.Жам1 дар.

Хьехархочо дуьйцу дика а, вон а дина белхаш.

Муьлха команда тоьлла сурт дилларехь а, жоьпаш даларехь.

Оценкаш д1айохку.

VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1амийнарг карладаккхар

Г1а урок.

Урокан ц1е: Суьртах лаьцна сочинени язъяр.

1алашо:Дозуш долу къамел кхиор.

Предложенеш вовшех нийса таса хаар.

Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Ц1ахь 1амийна бакъо карлайоккху.

ΙΙΙ.Г1оьнна хаттарш:

-Х1ара сурт муьлхачу произведени т1ера ду?

-Х1ун го вайна кху суьрта т1ехь?

-Шеран муьлха хан ю кху т1ехь гойтург?

-Х1ун деш ву Мохьмад?

-Муха го вайна х1ара керт?

-Х1ун ойла еш ву Мохьмад аьлла хета шуна?

ΙV.Дешархошца хьехархочо болх бо.

Цхьана кечам бо сочинени язъян.

Хьехархочо г1о до х1ора дешархочунна т1е а йоьдуш.

V.Дешархоша сочинени д1аязйо.

VΙ.Ц1ахь бан болх.

1амийнарг карладаккхар.

Г1ий урокаш

Урокан ц1е:Амаев В-Хь.«Генарчу денойн туьйра.»

1алашо:Авторан дахар а, кхолларалла а довзийтар.

Произведенин чулацам бовзийтар.

Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

1)рог1ехь йийцитар.

2)хаттарш далар.

ΙΙΙ.1амийнарг карладаккхар.

1)Хаттарш:

-Маца вина Дикаев М.?

-Маца йина Курумова С.?

-Маца велла Арсанукаев Ш.?

-Мульха произведенеш 1амийна вай?

-Муьлха баснеш 1амийна вай?

-Маца йина Ахматова Р.?

-Маца а,мичахь вина Ошаев Халид?

-Айдамиров Абузар ваьхна шераш?

ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

1)яздархочун биографи йийцар.

2)Кху произведени т1ехь дайн г1иллакхаш деза а,силахь а ларар гойту.

Шидас шен к1антана шаьлта яран маь1ан. Асхьаб шена т1ехь декхар дисарна кхоьруш хуьлу.

Цо иза кхочушдар а гойту кху произведени т1ехь.

V.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1) Дешархошка дийцар дешийтар.

2)Дуьххьара шера а, дика а йоьшуьйту дешархошка.

3)Дешархошка шаьш ма кхеттара схьадуьйцуьйту дийцар

4)Хаттарш далар6

-Х1ун хиламаш бу дийцарехь буьйцурш,муьлш бу цуьнан коьрта турпалхой?

-Маца тасаделла хилла Шидиний,Асхьабаний юккъехь доттаг1алла?Стен го1ту и доттг1алла ц1ена доттг1алла хилар?

-Х1ун ойланаш йора Шидас а, цуьнан х1усамнанас а, х1ун ду церан сагатдийриг?

-Х1усамненан даг чу яьхкина шеконаш д1а муха ехира Шидас?

-Пхийттара ваьлча шен к1анте шаьлта д1а а луш ,х1ун хьехар дира цунна нанас?

VΙ.Словарни болх.

Ледара т1аьхье-кхузахь:доьзалехь зудаберш бен цахилар.

Лайн санна-балхана,г1уллакхана т1ера

Зарговза-аьчкан пхьар(кузнец)

VΙΙ.Урокан жам1 дар.

1)-Вай урокан ц1е х1ун ю?

-Муьлха автор ву вай тахана 1амийнарг?

-Цо язйина муьлха дийцар вай тахана 1амийна?

2)Ком-ть еш оценкаш д1ах1иттайо.

VΙΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.аг1о154-156 аго1наш йийцар

2.аг1о157-160 аг1онаш йийцар.

Г1а урок.

Урокан ц1е:Классал арахьара дешар.

Шамсудинов Бувайсар.«Жималлин суьйренаш»

1алашо: Авторан дахар а, кхолларалла а довзийтар.

Произведин чулацам бовзийтар.

Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан кечам бар.

ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

1.Амаев В-Хь. дахар довзийтар,карладаккхар.

2.«Генарчу денойн туьйра» дийцаран чулацам бовзийтар.

ΙΙΙ.1амийнарг карладаккхар.

1)Хаттарш:

-Маца вина Ш.Рашидов?

-Муьлха произведенеш язйина цо?

-Маца а, мичахь а вина М.Кибиев?

-«Меттан сий» стихотворенин мехалла?

-Муьлха дийцар дара шуна хазахетта дагахьлаьттинарг?

ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

Хьехархочун дош:

Х1ара дийцар яздина дешаран а,вайн х1инцалерачу заманан хьокъехь.Иза ша дерг а хуьлуш долу вайна юккъехь долу а х1уманаш ду.

Дийцаран турпалхой Анзор,Аьлбика,баба а ду.

Анзор шен диъ шо долуш нана елла шен дененаца ву.Дас Аьлбика ялайо(Анзоран десте) цо Анзорна хийла цатам берг олуш велхаво.Цуьнан нана г1енах йог1у шен к1антана,ткъа т1аьххьара еача кхин вон ма лела олий д1айоьду.Денана а ле Анзоро т1аккха гуттара хала хьийзаво Аьлбикас.Х1инца да а ца хуьлу хьалха санна велалой.Аьлбикас даима цхьацца дуьйцуш дуьхьал ваьккхинера иза Анзоран.

V.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Дешархошка яххьашца йоьшуьйту.

2.Чулацам боцца схьабуьйцуьйту.

VΙ.Жам1 дар.

-Дийцаран ц1е х1ун ю вай тахана 1амийначу?

-Мила ву цуьнан автор?

-Муха к1ант ву Анзор?

-Дийца,муха хета шуна Аьлбика?

-Х1унда сагатдо к1анта?

-Да муха ву шен к1антаца?

Коментировать еш оценкаш д1айохку.

VΙΙΙ.Ц1ахь бан болх

1.283-288-г1ий аг1онаш

Г1а урок.

Наши рекомендации