V.Хаттарш ло хьехархочо дешархой муха кхетта хьожуш,церан ойла гучу а йоккхуш.
-Х1ун хаьа вайна Соскин Солсах лаьцна?
-Муха хилла цуьнан дахар?
-Мила хилла Сосна т1еэцнарг,цо шех лаьцна х1ун дийцира Солсина?
-Муха хилла цхьа б1аьрг болу жа1у?
-Иза стенах го шуна?
-Жа1уьно х1ун хьехар дира Солсина?
-Х1ун маь1на долуш ду и хьехар?
VΙ.Словарни болх.
Хьехархочо къастош толлу туьйранахь вуьйцучу шина турпалхочун васташ.
1.Солса-ницкъ боккха болуш наьрт-эрстхо ву.Шен ницкъах кураллий,дозаллий до цо, тамашо бо, ша санна ницкъ болуш цхьа а ца хета.шенчул ницкъ боккха болуш цхьа а вуй те олий лаха араволу иза.
2.Наьрт-жа1у-иза 1аьржачу-Хожаг1еран турпалхо ву.Солсин чул а боккха ницкъ а бу жа1угахь.Солса бага а вуллу цо Солса цунах а го вайна иза ницкъ болуш хилар.
VΙΙ.Жам1 дар.
1)Тема т1еч1аг1ъеш хаттарш.
2)Коментировать еш оценкаш д1ах1иттайо.
VΙΙΙ.Ц1ахь бан болх.
1.21-24 -г1ий аг1онаш еша.
2.Чулацам схьабийца.
Г1а урок.
Урокан чулацам: «Гермчигара наьрташ.»
1алашо: Туьйранах кхетам балар.
Чулацам бовзийтар.
Урок д1аяхьар.
Ι.Урокан болх д1ах1оттор.
ΙΙ.Ц1ера болх таллар
1.Чулацам дешархоша схьабуьйцу туьйран.
2.Хаттарш а, т1едахкарш а.
ΙΙΙ.Хьалха 1амийнарг карладаккхар.
-Вай 1амийна иллеш дагадог1ий шуна?Ц1ераш яха.
-Халкъан барта кхолларалло вайна х1ун 1амадо?
-Муьлха туьйрана девзи вайна наьрт-эрстхойх лаьцна?
-Шуна хаьий цхьа а туьйра?
ΙV.Керла коьчал йовзийтар.
«Гермчигара наьрташ.» ц1е йолчу туьйранахь вайна гойту церан юкъаметтиг.Энгал-эвлана а,Азамат-юьртана а юккъехь бу я март ц1е йолуш барз.Цигахь а,Гермачиг олучу меттехь а бехаш хилла боху наьрташ. Ямарт-барзера наьрташ Гермачигехь болчарна т1ебахана боху.Цу шина меттиган юкъ 9-10кл хир ю.Ч1ог1а йоккха меттиг ю боху иза.гермчигар т1е хи мичара дог1у хьожуш зен, цхьа йоккха стаг йолчу бахана уьш,цунах дагайовла.Нахана ца хуу х1ума дика хууш кхетаме йолчу йоккхачу стага аьлла:
-Цу наьрташна т1едог1у хи, мичахула делахь а, лаьтта бухахула дог1у,и гучудаккха ремана бкъара кхаара эшалк говр лаца еза.
Иштта хиира и зен мичара ду.
V.1амийнарг т1еч1аг1дар.
1.Дешархошка яххьашца ешийтар.
2.Хаттарш ло дешархошка.
VΙ.Словарни болх.
Кхаара-кхо шо долу х1ума.
Эшалк-каразамоза, акха говр.
Ч1аг1о-крепость.
VΙΙ.Жам1 дар.
1)-Вай урокан ц1е х1ун ю?
-Х1ун меттиг ю Гермачиг?
-Ямарт-барзера наьрташ Гермачигахь болчарна т1е х1унда бахана?
-Гермачиг ч1аг1онна т1ебоьлхуш х1ун дина наьрташа?
2)Коментировать еш оценкаш д1ах1иттайо.
VΙΙΙ.Ц1ахь бан болх.
1.24-27 -г1ий аг1онаш еша.
2.чулацам схьабийца.
Г1а урок.
Урокан чулацам: «Наьрт- эрстхой кхерор.»
1алашо: Туьйранах кхетам балар.
Чулацам бовзийтар.
Урок д1аяхьар.
Ι.Урокан болх д1ах1оттор.
ΙΙ.Ц1ера болх таллар
1.Чулацам дешархоша схьабуьйцу туьйран.
2.Хаттарш а, т1едахкарш а.
ΙΙΙ.Хьалха 1амийнарг карладаккхар.
Хаттарш:
-Муьлха иллеш девза шуна?
-Муьлха дийцарш девза шуна?
-Муьлха авторш бевза шуна?
ΙV.Керла коьчал йовзийтар.
Халкъан дийцар т1ехь вайн гойту зама.И зама наьрт-эрстхоша юьртхошна т1ехь цу хенахь
латтийна 1азап гойту цу дийцар т1ехь.Юртахоша лоруш а воцуш,мискачу стага наьрт-эрстхошна
т1ехь баьккхина толам бу иштта цу дийцар т1ехь дуьйцуш.
V.1амийнарг т1еч1аг1дар.
1.Дешархошка яххьашца ешийтар.
2.Хаттарш ло дешархошка.
-Муьлха зама ю дийцар т1ехь юьйцург?
-Наьрт-эрстхошна дуьхьало ян дага х1унда деана хилла юьртахошна?
-Дег1ана эг1аз волу воккхастаг нуьцкъалчу наьртал толар муха нисделла?
-Воккхачу стеган зуда хьекъал долуш хилар мичахь гучудолу?
-Наьрт-эрстхой кхерабалар х1ун бахьана долуш хилла?
VΙ.Словарни болх.
Наьрт,наьртхо-нарт,великан
Наьрт-эртхойн-нартовский.
VΙΙ.Жам1 дар.
1)Тема т1еч1аг1ъеш хаттарш.
2)Коментировать еш оценкаш д1ах1иттайо
VΙΙΙ.Ц1ахь бан болх.
1.30-31-г1ий аг1онаш еша.
2.Хаттарш а,т1едахкарш а.
Г1а урок
Урокан ц1е:Дешархоша шайна баккхийчаьргара хезна долу дийцарш далор.
1алашо:Дешархоша шайна баккхийчаьргара хезна долу дийцарш далор,царех пайда эцар.
Къамел-кхиор.
Урок д1аяхьар.
Ι.Урокан болх 1ах1оттор.
ΙΙ.Ц1ера болх таллар
1)-Шуна ц1ахь х1ун еллера?
- Стенах лаьцна дуьйцу кху туьйра т1ехь?
2) рог1ехь йийцитар.
ΙΙΙ.1амийнарг карладаккхар.
1.Фронтальный хаттарш.
-Вайн нохчийн поэташ, яздархой бевзий шуна?Ц1ераш яха.
-Х1ун произведенеш язйина цара?
-Аша муьлхарш ешна?
-Поэма муьлхачу произведенех олу?
-Муьлха иллеш 1амийна вай?
-Х1ун 1амадо цара?
ΙV.Керла коьчал йовзийтар.
Дешархоша шайна баккхийчаьргара хезна долу дийцарш дийцар.
1.Дийцарш а,стихаш а юьйцуш белахь шина декъе боькъу,царна шина командина ц1ерш а тохку.
Хьалха яьллачу командина пхеаннаш дохку,ткъа шолг1ачу командина деаннаш дохку.
2.Вовше х1етал-металш а олу. Хьехархочо шинне а командина пхиппа чаккхенаш ло.
3.Сиха сурт диллар.
4.Забаре дийцар дуьйцу командни капитанаша.
5.Командни капитанаш вовше шишша хаттарш ло.
VΙ.Жам1 дар.
Хьехархочо дуьйцу дика а, вон а дина белхаш.
Муьлха команда тоьлла сурт дилларехь а, жоьпаш даларехь.
Хаза дийцина долу дийцари мах хадабар.
Оценкаш д1айохку.
VΙΙ.Ц1ахь бан болх.
1амийнарг карладаккхар
Г1ий урокаш.
Урокан чулацам:«Нийса кхел»Гайсултанов 1.Э.
1алашо:Дийцаран кхетамм балар,произведенин чулацам бовзийтар.
Авторан дахар а,кхолларалла а довзийтар.
Урок д1аяхьар.
Ι.Урокан болх д1ах1оттор.
ΙΙ.Ц1ера болх таллар
ΙΙΙ.Хьалха 1амийнарг карладаккхар.
Хаттарш:
-Муьлха иллеш девза шуна?
-Муьлха дийцарш девза шуна?
-Муьлха авторш бевза шуна?
ΙV.Керла коьчал йовзийтар.
1).Гайсултанов 1умар Эдилсултанович вина 1920-чу шарахь Шелахь.Туьйранаш дуьйцуш денанас Себибата кхоьллина безам халкъан барта кхолларалле, литературе.
Тайп-тайпанчу жанрашкахь дуккха а произведенеш язйина цо берашна: повесташ, дийцарш, стихотворенш, баснеш.Дуьххьарлера книга араелира«Болат г1ала йожор.» ц1е йолу 1959-чу шарахь
.Гайсултанов 1умар дика девзара берийн дахар, церан дог-ойла, сатийсамаш.
1960-1962 чу шерашкахь араевлла Гайсултановн берашна язйина«Кавказан лаьмнашкахь»,«Сема лергаш»
Иштта Гайсултанов 1умар автор ву приключенченский дийцарийн а,цхьамог1а повестининий.
Гайсултанов 1умар Нохчийн берийн литературан бухбиллархо лору шву.Цуьнан произведенеш зорбане евлла вайн махкахь а,дозанал арахьа а.
2)Цу дийцарехь ялхочо,къеданах кеч а велла,харцо эшош,миска стаг толош кхел яр гойту.
Дийцар т1ехь нийсо харцонал тола езаш хилар ч1аг1до.Коьрта турпалхо Дикалг оьзда,дика стаг ву.Шена дуьхьал кхеттачу нахана г1о дан луш хуьлу.
Халкъан барта кхоллараллица дийцаран йолу уьйр гойту кху дийцарехь.
V.1амийнарг т1еч1аг1дар.
1.Дешархошка яххьашца ешийтар.
2.Хаттарш ло дешархошка.
-Муха стаг хилла Дикалг?
-Шуна муха хета, Дикалг аьлла ц1е х1унда тиллина цунна?
-Шена новкъахь дуьхьал кхеттачу нахана г1о дан лаарх х1ун хилла Дикалгана?
-Юьртан къеда волчу х1унда боьлхуш хилла уьш?
-Юьртан къедас кхиэл муха йийр яра аьлла хета шуна?Х1унда?
VΙ.Словарни болх.
Киттель-йовха бедар.
Оьмар-век.
VΙΙ.Жам1 дар.
1)-Вай урокан ц1е х1ун ю?
-Муьлха автор ву вай тахана 1амийнарг?
2)Коментировать еш оценкаш д1ах1иттайо.
VΙΙΙ.Ц1ахь бан болх.
1.37-46-г1ий аг1онаш еша.
2.Хаттарш а,т1едахкарш а.
Г1а урок
Урокан ц1е:Басня.«Барзо амалш ца хуьйцу».
1алашо:Басни чулацам а,коьрта тема а йовзийтар.
Урок д1аяхьар.
Ι.Урокан болх д1ах1оттор.
ΙΙ.Ц1ера болх таллар
ΙΙΙ.Хьалха 1амийнарг карладаккхар.
Хаттарш:
-Муьлха иллеш девза шуна?
-Муьлха дийцарш девза шуна?
-Муьлха авторш бевза шуна?
ΙV.Керла коьчал йовзийтар.
1).Гайсултанов 1умар Эдилсултанович вина 1920-чу шарахь Шелахь.Туьйранаш дуьйцуш денанас Себибата кхоьллина безам халкъан барта кхолларалле, литературе.
Тайп-тайпанчу жанрашкахь дуккха а произведенеш язйина цо берашна: повесташ, дийцарш, стихотворенш, баснеш.Дуьххьарлера книга араелира«Болат г1ала йожор.» ц1е йолу 1959-чу шарахь
.Гайсултанов 1умар дика девзара берийн дахар, церан дог-ойла, сатийсамаш.
1960-1962 чу шерашкахь араевлла Гайсултановн берашна язйина«Кавказан лаьмнашкахь»,«Сема лергаш»
Иштта Гайсултанов 1умар автор ву приключенченский дийцарийн а,цхьамог1а повестининий.
Гайсултанов 1умар Нохчийн берийн литературан бухбиллархо лору шву.Цуьнан произведенеш зорбане евлла вайн махкахь а,дозанал арахьа а.
2)Басня иза байт-туьйра ду.Шена чохь к1орггера маь1на а долуш.Уьш дийнатанах,акхаройх хуьлу дукха хьолахь.Адамийн васташ а хуьлу церан.Адамашкахь нислуш долу сакхташ гучудоху баснехь.
V.1амийнарг т1еч1аг1дар.
1.Дешархошка яххьашца ешийтар.
2.Хаттарш ло дешархошка.
-Мича хьолехь хилла борз 1ай?Х1унда?
-Х1ун доттаг1алла хьедина барзо газане?
-Х1ун тешнабехк бира барзо газанна?
-Х1унда тийшира газа барзах?
-Барзах тешарна х1ун хилира газанна?
-Стенах доллу баснин коьрта маь1на?
VΙ.Жам1 дар.
1)-Вай урокан ц1е х1ун ю?
-Муьлха автор ву вай тахана 1амийнарг?
2)Коментировать еш оценкаш д1ах1иттайо.
VΙΙ.Ц1ахь бан болх.
1.47-г1а аг1о еша.
2.Стихотворени дагахь 1амо.
Г1а урок
Урокан ц1е:Изложени.«Лоьммий,цхьогаллий».
1алашо:Дозуш долу къамел кхиор.Изложенин чулацам буьззина д1аяздар 1амадар.
Урок д1аяхьар.
Ι.Урокан болх д1ах1оттор.
ΙΙ.Изложенин кечам бар.
1)Хьехархочо текст йовзийтар.
Лоьммий,цхьогаллий.
Лом къан а делла к1елдисира.Тохара санна акхарой леца карх ца долура цуьнан.Т1аккха цо х1илла дира.Ша цомгуш ду аьлла сурт а х1оттийна,охьадижийра Лом шен бен чу.Цуьнга хьажа цавеанарг кхана бехке хи рву, бохуш, акхарой т1еэха дуьйладелира цунна, могашалла хатта.
Чу мел деана эккха кхаьллина делира Лом,Цхьана дийнахь лоьме хьажа деана хилла цхьогал.Не1аре а х1оттийна, цо хаьттина:
„Х1ун хьал ду хьоьгахь, хьоме Лом, г1олий юй, хьуна?”- аьлла.
Ша 1аламат ч1ог1а цомгуш долчуха сурт а х1оттийна, халла йовхарш а тоьхна, г1ийла ц1евзина Лом:
-Цхьогал, хьо дац и? Дера соьгахь вон хьал м аду.Чу долий, парг1атдалахьа.
-Дера чудеача соьгахь кхин а вон хьал хир ма дара.Хьан чу йог1уш лараш дуккха а го суна, арайолуш-м яц цхьа а,- аьлла х1илла долчу цхьогало.
2)Уьн т1ехь дешнаш
Не1аре, х1илла, цомгаш.
ΙΙΙ.План х1оттор
1) Къеначу лоьман цамгар.
2)Акхарошна хуьлу х1илла.
3)Цхьогал Лом долчу дар.
4)Цхьогалан х1илла.
ΙV.Изложени язъяр.
Аг1о 44 карлаяккха.
V.Ц1ахь бан болх.
1амийнарг карладаккхар.
Г1а урок