Урокан чулацам:халкъан барт кхолларалла.

Ра урок.

Урокан чулацам:Халкъан барт кхолларалла.

1алашо:Муха а, маца а кхоллаелла халкъан барта кхолларалла хаар;

Муьлха тайпа произведенеш юкъайог1у халкъан барта кхоллараллина;

Къамел кхиор.

Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Хьехархочун дош.

-Ширачу заманахь, йоза а, йозанан литература а кхиале дуккха а хьалха, халкъо шен исбаьхьаллин произведенеш кхуллуш хилла: туьйранаш, тайп-тайпана дийцараш, эшарш, иллеш, кицанаш, х1етал-металш.Царех цхьаерш вайна евзира 5-чу классехь.

Адамийн дахар билгалдолу иллешкахь. Иллешкахь халкъо ч1аг1до Даймохк безар,1алашбар, кхечу къаьмнашца доттаг1алла хилар.Къонахалла, оьздангалла,майралла,адамийн сий лардар кхайкхадо иллешкахь.Халкъо иллеш кхуллуш хилла парг1ато лоьхуш болчу турпалхойн хьуьнарех а, сатийсамех а лаьцна. Цундела царех турпалхойн иллеш олу.Вай халкъо хиламаш а, къийсамаш а буьйцуш халкъо дуккха а иллеш кхоьллина.Царах ду, масала:,,Баьчча Балун илли”а, ,, Зайтин Шихмирзин а,Шовхалан Зазин а илли”а, ,,Теркаца хьала-охьа вехаш хиллачу эла Мусостан, Адин Сурхон илли”а, дуккха а кхидерш а.

Шен турпалхойн хестабо халкъо иллешкахь, церан хьуьнарш, цара махкана а, халкъана а дина дика г1уллакхаш т1екхуьучарна довзийта,кегирхой уьш санна хьуьнаре хилийта,царах масал эцийта. Къехойн ямартчу а, къизачу а элашкий,шовхалшкий болу цабезам гойту оцу иллешкахь.

Вай заманахь иллеш кхуллу керлачу дахарх а,тайп-тайпанчу хиламех а, г1арабевллачу нахах а лаьцна, амма литература кхиар бахьана долуш хьалха санна дукха ца кхуллу уьш.

ΙΙΙ.Дешнаш т1ехь болх.

1)Чергазаший-черкес(нация)

Г1умкаший-кумык(нация)

2)дешархошка аг1о 3-5 ешийтар

ΙV.1амийнарг т1еч1аг1дар.

-Маца кхоллаелла халкъан барта кхолларалла?

-Х1ун тайпа произведенеш юкъайог1у халкъан барта кхоллараллина?

-Х1ун башхалла ю иллешний, туьйранашний юккъехь?

-Стенах лаьцна дуьйцу иллеш т1ехь?

-Х1ун ницкъаш беш хилла латтанаш д1алецархоша?

-Дийца турпаллаллин иллех лаций.Х1унда олу царах турпаллалин иллеш?

V.Жам1 дар.

1)Хаттарш ло.

2)Оценкаш д1ах1иттайо.

VΙ.Ц1ахь бан болх.

а)3-5 аг1о ешар.

б) тетрадашна т1е шайна хууш долу а, хезна долу а илли д1аязде

Г1ий урок

Урокан чулацам:,,Эвтархойн Ахьмадан илли”

1алашо:Иллин чулацам бовзйтар.Коьртачу турпалхойн васташ довзийтар.

Илли т1ехь кхоьллина 1аламан суьрташах дийцар.

Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Ц1ера болх таллар

1)5-6 дешархошка шайна хууш долу я хезна долу илли дийцар.

2) -Маца кхоллаелла халкъан барта кхолларалла?

-Х1ун тайпа произведенеш юкъайог1у халкъан барта кхоллараллина?

-Х1ун башхалла ю иллешний, туьйранашний юккъехь?

-Стенах лаьцна дуьйцу иллеш т1ехь?

-Х1ун ницкъаш беш хилла латтанаш д1алецархоша?

-Дийца турпаллаллин иллех лаций.Х1унда олу царах турпаллалин иллеш?

ΙΙΙ.Керла коьчал йовзийтар.

Шен турпалхойн хестабо халкъо иллешкахь, церан хьуьнарш, цара махкана а, халкъана а дина дика г1уллакхаш т1екхуьучарна довзийта,кегирхой уьш санна хьуьнаре хилийта,царах масал эцийта. Къехойн ямартчу а, къизачу а элашкий,шовхалшкий болу цабезам гойту оцу иллешкахь.

Вай заманахь иллеш кхуллу керлачу дахарх а,тайп-тайпанчу хиламех а, г1арабевллачу нахах а лаьцна, амма литература кхиар бахьана долуш хьалха санна дукха ца кхуллу уьш. Ишттачарех ду ,,Эвтархойнн Ахьмадан илли”.Цу илли т1ехь коьрта тема доттаг1алла ю.Эвтархойн Ахьмад-халкъана дукхавезаш волу турпалхо ву.Цуьнан къонахалла,оьздангалла гойту кху илли т1ехь.Эвтархойн Ахьмад а,г1алг1азкхи а,цуьнан юкъаметиг а гойту вайна.Илли т1ехь къаьмнашна юккъехь доттаг1аллин уьйраш ч1аг1ъяре кхойкху.

ΙV.Словарни болх

Риторически дерзор-иллин чулацамна жам1 а деш,коьрта маь1на доккхучу дешнех олу.

V.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1)рог1ехь ешийтар.

2)Хаттаршца болх бар.

-Х1ун илли ду х1ара,хьанах лаьцна?

-Х1ун 1алашо йолуш араваьлла хила Эвтархойн Ахьмаддий,Г1излара-г1алара г1алг1азкхий?

-Х1ун аьлла вист хила г1алг1азкхичуьнга Эвтархойн Ахьмад?

-Муха кхоллало Эвтархойн Ахьмадна а,г1алг1азкхичунна а юккъехь доттаг1алла?

-Х1ун накъосталла дина Эвтархойн Ахьмадна Г1алг1азкхичо?

-Муха кхоьллина илли т1ехь турпалхойн васташ а,1аламан суьрташ а?

3)дешархошка кицанаш яздайтар

VΙ.Жам1 дар.

1)Комментировать еш оценкаш д1айохку

2)Хаттарш далар.

VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

.

1)аг1о5-8 аг1онаш д1айоьшу

2)чулацам схьабуьйцу.

Г1ий урокаш.

V.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1)рог1ехь ешийтар.

2)Хаттаршца болх бар.

VΙ.Жам1 дар.

1)Комментировать еш оценкаш д1айохку

2)Хаттарш далар.

-Муьлха иллеш 1амийна вай?

-Тахана вай 1амийнарг муьлха илли ду?

-Турпалхо мила ву цуьнан?

VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1)аг1о11-13;13-16г1ий аг1онаш д1айоьшу

2)чулацам схьабуьйцу.

Г1а урок.

V.Ц1ахь бан болх.

1амийнарг карладаккхар.

Г1а урок.

Урокан чулацам:«Наьрт-эрстхойн паччахь Наураз.»

1алашо:Наьрташ муьлш бу хаийтар,церан васт х1оттор,чулацам бовзийтар.

Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Ц1ера болх таллар

1.«Эвтархойн Ахьмадан илли» чулацам схьабийца.

2.«Таймин Биболатан илли» чулацам схьабийца.

3.Халкъан барта кхолларалла стенах олу,муьлха жанраш юкъайог1у?

ΙΙΙ. Керла коьчал йовзийтар.

Наьрт-эрстхойн паччахь Наураз ву.Нохчийн къам хьийзош шен махка д1а ца воьду иза.

Хан а ло нохчаша т1ом бан ца лууш, шена йиллинчу хенахь д1а ца воьду иза.

Т1аккха нохчийн барт а бой т1амца боьлху.

ΙV.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Яххьашца ешийтар.

2.Хаттарш:

-Мила хилла Наураз?

-Х1ун гело еш хилла цо?

-Нохчаша х1ун дехар дина цуьнга?

-Т1елатар муха хилла нохчийн?

-Наураз кхеравелла мича вахана?

V.Словарни болх.

1азап-бала,хало,харцо.

Чхо-жима харш

Черт-шочах юьйцина х1ума.

Чалдам-байракхан г1аж

Тутмакх- лаьцна йийсар.

VΙ.Жам1 дар.

1)Тема т1еч1аг1ъеш хаттарш.

2)Коментировать еш оценкаш д1ах1иттайо.

VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.20-21 -г1ий аг1онаш еша.

2.Чулацам схьабийца.

Г1а урок.

Урокан чулацам:«Ницкъ болу Солса.»

1алашо:Туьйранах кхетам балар.

Чулацам бовзийтар.

Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Ц1ера болх таллар

1.Чулацам дешархоша схьабуьйцу туьйран.

2.Хаттарш а, т1едахкарш а.

ΙΙΙ. Керла коьчал йовзийтар.

1.Уьн т1ехь тема д1аязйина ю.

2.Хьехархочо чулацам бовзуьйту.

Нохчийн халкъан барта кхоллараллехь наьрт-эрстхойх лаьцна хуьлу.Церан хьуьнарш,церан ницкъ(адамехь боцу) гойту.

Наьрт-эрстхой адамех тера бац уьш цхьа б1аьрг а болуш ши метар сов,онда дог1маш а долуш нах бу.

Нохчийн туьйранашкахь Соскин Солса г1араваьлла ницкъ болу турпалхо ву.Цуьнан оццул ницкъ боллушехь цул сов ницкъ бу кхечу турпалхочул.

ΙV.1амийнарг т1еч1аг1дар.

Туьйра яххьашца дешийтар.

Г1а урок.

Урокан чулацам: «Гермчигара наьрташ.»

1алашо: Туьйранах кхетам балар.

Чулацам бовзийтар.

Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Ц1ера болх таллар

1.Чулацам дешархоша схьабуьйцу туьйран.

2.Хаттарш а, т1едахкарш а.

ΙΙΙ.Хьалха 1амийнарг карладаккхар.

-Вай 1амийна иллеш дагадог1ий шуна?Ц1ераш яха.

-Халкъан барта кхолларалло вайна х1ун 1амадо?

-Муьлха туьйрана девзи вайна наьрт-эрстхойх лаьцна?

-Шуна хаьий цхьа а туьйра?

ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

«Гермчигара наьрташ.» ц1е йолчу туьйранахь вайна гойту церан юкъаметтиг.Энгал-эвлана а,Азамат-юьртана а юккъехь бу я март ц1е йолуш барз.Цигахь а,Гермачиг олучу меттехь а бехаш хилла боху наьрташ. Ямарт-барзера наьрташ Гермачигехь болчарна т1ебахана боху.Цу шина меттиган юкъ 9-10кл хир ю.Ч1ог1а йоккха меттиг ю боху иза.гермчигар т1е хи мичара дог1у хьожуш зен, цхьа йоккха стаг йолчу бахана уьш,цунах дагайовла.Нахана ца хуу х1ума дика хууш кхетаме йолчу йоккхачу стага аьлла:

-Цу наьрташна т1едог1у хи, мичахула делахь а, лаьтта бухахула дог1у,и гучудаккха ремана бкъара кхаара эшалк говр лаца еза.

Иштта хиира и зен мичара ду.

V.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Дешархошка яххьашца ешийтар.

2.Хаттарш ло дешархошка.

VΙ.Словарни болх.

Кхаара-кхо шо долу х1ума.

Эшалк-каразамоза, акха говр.

Ч1аг1о-крепость.

VΙΙ.Жам1 дар.

1)-Вай урокан ц1е х1ун ю?

-Х1ун меттиг ю Гермачиг?

-Ямарт-барзера наьрташ Гермачигахь болчарна т1е х1унда бахана?

-Гермачиг ч1аг1онна т1ебоьлхуш х1ун дина наьрташа?

2)Коментировать еш оценкаш д1ах1иттайо.

VΙΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.24-27 -г1ий аг1онаш еша.

2.чулацам схьабийца.

Г1а урок.

Урокан чулацам: «Наьрт- эрстхой кхерор.»

1алашо: Туьйранах кхетам балар.

Чулацам бовзийтар.

Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Ц1ера болх таллар

1.Чулацам дешархоша схьабуьйцу туьйран.

2.Хаттарш а, т1едахкарш а.

ΙΙΙ.Хьалха 1амийнарг карладаккхар.

Хаттарш:

-Муьлха иллеш девза шуна?

-Муьлха дийцарш девза шуна?

-Муьлха авторш бевза шуна?

ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

Халкъан дийцар т1ехь вайн гойту зама.И зама наьрт-эрстхоша юьртхошна т1ехь цу хенахь

латтийна 1азап гойту цу дийцар т1ехь.Юртахоша лоруш а воцуш,мискачу стага наьрт-эрстхошна

т1ехь баьккхина толам бу иштта цу дийцар т1ехь дуьйцуш.

V.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Дешархошка яххьашца ешийтар.

2.Хаттарш ло дешархошка.

-Муьлха зама ю дийцар т1ехь юьйцург?

-Наьрт-эрстхошна дуьхьало ян дага х1унда деана хилла юьртахошна?

-Дег1ана эг1аз волу воккхастаг нуьцкъалчу наьртал толар муха нисделла?

-Воккхачу стеган зуда хьекъал долуш хилар мичахь гучудолу?

-Наьрт-эрстхой кхерабалар х1ун бахьана долуш хилла?

VΙ.Словарни болх.

Наьрт,наьртхо-нарт,великан

Наьрт-эртхойн-нартовский.

VΙΙ.Жам1 дар.

1)Тема т1еч1аг1ъеш хаттарш.

2)Коментировать еш оценкаш д1ах1иттайо

VΙΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.30-31-г1ий аг1онаш еша.

2.Хаттарш а,т1едахкарш а.

Г1а урок

Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх 1ах1оттор.

ΙΙ.Ц1ера болх таллар

1)-Шуна ц1ахь х1ун еллера?

- Стенах лаьцна дуьйцу кху туьйра т1ехь?

2) рог1ехь йийцитар.

ΙΙΙ.1амийнарг карладаккхар.

1.Фронтальный хаттарш.

-Вайн нохчийн поэташ, яздархой бевзий шуна?Ц1ераш яха.

-Х1ун произведенеш язйина цара?

-Аша муьлхарш ешна?

-Поэма муьлхачу произведенех олу?

-Муьлха иллеш 1амийна вай?

-Х1ун 1амадо цара?

ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

Дешархоша шайна баккхийчаьргара хезна долу дийцарш дийцар.

1.Дийцарш а,стихаш а юьйцуш белахь шина декъе боькъу,царна шина командина ц1ерш а тохку.

Хьалха яьллачу командина пхеаннаш дохку,ткъа шолг1ачу командина деаннаш дохку.

2.Вовше х1етал-металш а олу. Хьехархочо шинне а командина пхиппа чаккхенаш ло.

3.Сиха сурт диллар.

4.Забаре дийцар дуьйцу командни капитанаша.

5.Командни капитанаш вовше шишша хаттарш ло.

VΙ.Жам1 дар.

Хьехархочо дуьйцу дика а, вон а дина белхаш.

Муьлха команда тоьлла сурт дилларехь а, жоьпаш даларехь.

Хаза дийцина долу дийцари мах хадабар.

Оценкаш д1айохку.

VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1амийнарг карладаккхар

Г1ий урокаш.

Урокан чулацам:«Нийса кхел»Гайсултанов 1.Э.

1алашо:Дийцаран кхетамм балар,произведенин чулацам бовзийтар.

Авторан дахар а,кхолларалла а довзийтар.

Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Ц1ера болх таллар

ΙΙΙ.Хьалха 1амийнарг карладаккхар.

Хаттарш:

-Муьлха иллеш девза шуна?

-Муьлха дийцарш девза шуна?

-Муьлха авторш бевза шуна?

ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

1).Гайсултанов 1умар Эдилсултанович вина 1920-чу шарахь Шелахь.Туьйранаш дуьйцуш денанас Себибата кхоьллина безам халкъан барта кхолларалле, литературе.

Тайп-тайпанчу жанрашкахь дуккха а произведенеш язйина цо берашна: повесташ, дийцарш, стихотворенш, баснеш.Дуьххьарлера книга араелира«Болат г1ала йожор.» ц1е йолу 1959-чу шарахь

.Гайсултанов 1умар дика девзара берийн дахар, церан дог-ойла, сатийсамаш.

1960-1962 чу шерашкахь араевлла Гайсултановн берашна язйина«Кавказан лаьмнашкахь»,«Сема лергаш»

Иштта Гайсултанов 1умар автор ву приключенченский дийцарийн а,цхьамог1а повестининий.

Гайсултанов 1умар Нохчийн берийн литературан бухбиллархо лору шву.Цуьнан произведенеш зорбане евлла вайн махкахь а,дозанал арахьа а.

2)Цу дийцарехь ялхочо,къеданах кеч а велла,харцо эшош,миска стаг толош кхел яр гойту.

Дийцар т1ехь нийсо харцонал тола езаш хилар ч1аг1до.Коьрта турпалхо Дикалг оьзда,дика стаг ву.Шена дуьхьал кхеттачу нахана г1о дан луш хуьлу.

Халкъан барта кхоллараллица дийцаран йолу уьйр гойту кху дийцарехь.

V.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Дешархошка яххьашца ешийтар.

2.Хаттарш ло дешархошка.

-Муха стаг хилла Дикалг?

-Шуна муха хета, Дикалг аьлла ц1е х1унда тиллина цунна?

-Шена новкъахь дуьхьал кхеттачу нахана г1о дан лаарх х1ун хилла Дикалгана?

-Юьртан къеда волчу х1унда боьлхуш хилла уьш?

-Юьртан къедас кхиэл муха йийр яра аьлла хета шуна?Х1унда?

VΙ.Словарни болх.

Киттель-йовха бедар.

Оьмар-век.

VΙΙ.Жам1 дар.

1)-Вай урокан ц1е х1ун ю?

-Муьлха автор ву вай тахана 1амийнарг?

2)Коментировать еш оценкаш д1ах1иттайо.

VΙΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.37-46-г1ий аг1онаш еша.

2.Хаттарш а,т1едахкарш а.

Г1а урок

Урокан ц1е:Басня.«Барзо амалш ца хуьйцу».

1алашо:Басни чулацам а,коьрта тема а йовзийтар.

Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Ц1ера болх таллар

ΙΙΙ.Хьалха 1амийнарг карладаккхар.

Хаттарш:

-Муьлха иллеш девза шуна?

-Муьлха дийцарш девза шуна?

-Муьлха авторш бевза шуна?

ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

1).Гайсултанов 1умар Эдилсултанович вина 1920-чу шарахь Шелахь.Туьйранаш дуьйцуш денанас Себибата кхоьллина безам халкъан барта кхолларалле, литературе.

Тайп-тайпанчу жанрашкахь дуккха а произведенеш язйина цо берашна: повесташ, дийцарш, стихотворенш, баснеш.Дуьххьарлера книга араелира«Болат г1ала йожор.» ц1е йолу 1959-чу шарахь

.Гайсултанов 1умар дика девзара берийн дахар, церан дог-ойла, сатийсамаш.

1960-1962 чу шерашкахь араевлла Гайсултановн берашна язйина«Кавказан лаьмнашкахь»,«Сема лергаш»

Иштта Гайсултанов 1умар автор ву приключенченский дийцарийн а,цхьамог1а повестининий.

Гайсултанов 1умар Нохчийн берийн литературан бухбиллархо лору шву.Цуьнан произведенеш зорбане евлла вайн махкахь а,дозанал арахьа а.

2)Басня иза байт-туьйра ду.Шена чохь к1орггера маь1на а долуш.Уьш дийнатанах,акхаройх хуьлу дукха хьолахь.Адамийн васташ а хуьлу церан.Адамашкахь нислуш долу сакхташ гучудоху баснехь.

V.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Дешархошка яххьашца ешийтар.

2.Хаттарш ло дешархошка.

-Мича хьолехь хилла борз 1ай?Х1унда?

-Х1ун доттаг1алла хьедина барзо газане?

-Х1ун тешнабехк бира барзо газанна?

-Х1унда тийшира газа барзах?

-Барзах тешарна х1ун хилира газанна?

-Стенах доллу баснин коьрта маь1на?

VΙ.Жам1 дар.

1)-Вай урокан ц1е х1ун ю?

-Муьлха автор ву вай тахана 1амийнарг?

2)Коментировать еш оценкаш д1ах1иттайо.

VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.47-г1а аг1о еша.

2.Стихотворени дагахь 1амо.

Г1а урок

Урокан ц1е:Изложени.«Лоьммий,цхьогаллий».

1алашо:Дозуш долу къамел кхиор.Изложенин чулацам буьззина д1аяздар 1амадар.

Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Изложенин кечам бар.

1)Хьехархочо текст йовзийтар.

Лоьммий,цхьогаллий.

Лом къан а делла к1елдисира.Тохара санна акхарой леца карх ца долура цуьнан.Т1аккха цо х1илла дира.Ша цомгуш ду аьлла сурт а х1оттийна,охьадижийра Лом шен бен чу.Цуьнга хьажа цавеанарг кхана бехке хи рву, бохуш, акхарой т1еэха дуьйладелира цунна, могашалла хатта.

Чу мел деана эккха кхаьллина делира Лом,Цхьана дийнахь лоьме хьажа деана хилла цхьогал.Не1аре а х1оттийна, цо хаьттина:

„Х1ун хьал ду хьоьгахь, хьоме Лом, г1олий юй, хьуна?”- аьлла.

Ша 1аламат ч1ог1а цомгуш долчуха сурт а х1оттийна, халла йовхарш а тоьхна, г1ийла ц1евзина Лом:

-Цхьогал, хьо дац и? Дера соьгахь вон хьал м аду.Чу долий, парг1атдалахьа.

-Дера чудеача соьгахь кхин а вон хьал хир ма дара.Хьан чу йог1уш лараш дуккха а го суна, арайолуш-м яц цхьа а,- аьлла х1илла долчу цхьогало.

2)Уьн т1ехь дешнаш

Не1аре, х1илла, цомгаш.

ΙΙΙ.План х1оттор

1) Къеначу лоьман цамгар.

2)Акхарошна хуьлу х1илла.

3)Цхьогал Лом долчу дар.

4)Цхьогалан х1илла.

ΙV.Изложени язъяр.

Аг1о 44 карлаяккха.

V.Ц1ахь бан болх.

1амийнарг карладаккхар.

Г1а урок

Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.1амийнарг карладаккхар.

Дешархошна изложенин даьккхина оценкаш довзийтар, уьш коментировать а еш.

ΙΙΙ.Керла коьчал йовзийтар.

1)Хьехархочун дош.

Нохчийн поэт Сатуев Хьусайн вина 1939 –чу шарахь.Хьалха-Мартана районан 1алхан-юьртахь

ахархочун доьзалехь.Дуьнен т1ехь веха 5-г1а шо бен доцчу хенахь шен халкъаца йийкъира хинволчу поэта 1944-чу шарахь махка йоьссина хало.Нохчийн халкъ шайн дай баьхначу махка ц1адирзинчул т1аьхьа,1958-чу шарахь чекхъяккхира цо юккъера школаЖима волуш дуьйна а вара Сатуев Хьусайн халкъан барта кхолларалла дукхаезаш.Сатуев Хьусайн стихаш язъян волавелла 1958-чу шарахь ша хьехархойн институтехь доьшуш волуш.

Сатуев Хьусайн Джунаидовичи дийцарш,повесташ,романаш язйина ца 1аш иштта яздина туьйранаш. Цуьнан ненавашас нохчийн халкъ барт кхолларалла йовзар, Хьусайнан и безам баларо,вайн вевзу г1араваьлла волу яздархо Сатуев Хьусайн.

2) Иштта ю басня«Лоьмий цхьогаллий.»

Басня иза байт-туьйра ду.Иза ша тайпа жанр ю.Шена чохь к1орггера маь1на а долуш.Уьш дийнатанах,акхаройх хуьлу дукха хьолахь.Адамийн васташ а хуьлу церан.Адамашкахь нислуш долу сакхташ гучдоху баснехь. Иштта цхьаболчу хьакамийн,царна хьесталуш лелачийн сакхташ емалдеш дуьйцу кху басни т1ехь.

ΙV.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Дешархошка яххьашца ешийтар.

2.Хаттарш ло дешархошка.

-Котамашна х1ун 1уналла дан лиъна цхьогална?

-Х1ун«бакъ» лоьхуш т1еяьхки лоьмана борг1алш?

-Шега борг1алша арз дича,х1ун кеп х1оттийра лоьмо?

-Цхьогало х1ун дира борг1алша лоьме шена арз диначул т1аьхьа?

-Арз нийсонца къастийрий лоьмо?

-Дийца, х1ун маь1ан ду кху баснин?

V.Словарни болх.

Кхаъ-кхалор-кхузахь:харцонца г1уллакх дийриг,къайлаха х1ума ялар.

Бакъ-бакъдерг,нийсаниг.

Арз-жалоба

VΙ.Жам1 дар.

1)-Вай урокан ц1е х1ун ю?

-Муьлха автор ву вай тахана 1амийнарг?

2)Коментировать еш оценкаш д1ах1иттайо.

VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.48-51-г1ий аг1онаш еша.

2.Хаттарш а,т1едахкарш а.

Г1ий урокаш.

Урокан ц1е:Сайдуллаев Хь.«Ненан б1аьрхиш».Поэма.

1алашо:Сайдуллаевн дахаран некъ бовзийтар,

Поэмин чулацам бовзийтар.

Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

Дешархошка басни чулацам схьабуьйцуьту.

ΙΙΙ.1амийнарг карладоккху.

-Муьлха произведенеш 1амийна вай?(«Эвтархойн Ахьмадан илли»,«Таймин Бийболатан илли»,

«Наьрт-Эрстхойн паччахь Наураз»,«Ницкъ болу Солса»,«Нийса кхел» иштта д1а кхи.

-Муьлха иллеш девза шуна?

-Муьлха дийцарш девза шуна?

-Муьлха авторш бевза шуна?

ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

1)Хьехархочун дош.

Вина 1948шарахь ц1ера Мескатара Ножинюрт районер ву. Цуьнан дешнаш т1ехь мукъамаш даьхна

Димаев 1елас, ТемирбулатоваСиржана, кхечара.Уьш д1аслура Дадашева Тамара, Димаев 1елас,

Кагерманова Раисас…(«Хьо лела некъаш»).

Стихаш язъян валавелла школехь доьшуш волуш дуьйна. Сайдулаевс дозалла до шен хьехархо халкъан

яздархо Айдамиров Абузархилла.

1975-чу шарахь чекхйоккху Нохчийн –Г1алг1айн университет филологан факультет.Дешначул т1аьхьа Ножа-юрт районехь газетан корреспондент болх бо цо.Цул т1аьхьа шен юьртарчу школе хьехархо болх бан д1ах1утту.70-чу шерашкахь цуьнан стихиш зорбане евла газет т1ехь «Ленинан некъ»,журнал «Орга» ц1е йолу.

Карарчу хенахь болх беш ву Мескатен юккъерчу школан директор.

2)Поэми т1ехь ширачу заманахь вайнехан хилла дахар,г1иллакхаш гойту яздархочо.Коьртачу турпалхочун къонахалла,оьздангалла гойту кху поэми т1ехь.Махкана т1е бохам беача къонахалла,майралла гайтар сийлахь хилар ч1аг1до.Иштта к1ентан ненан доьналла гойту кху поэми т1ехь.

ΙV.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Дешархошка яххьашца ешийтар.

2.Хаттарш ло дешархошка.

-Муха гайтина поэми т1ехь ширачу заманахь вайнехан хилла дахар,г1иллакхаш?

-Х1ун совг1аташ дина хилла к1антана дас-нанас?

-Шен нийсархошца сакъера а, талла а вахийта шайн к1ант х1унда ца лууш хилла дений-нанний?

-К1ант оьзда хилар стен гойту?

-Махкана т1е бохам беъча,къонахалла а, майралла а муха гайтина к1антана?

-Шуна муха хета,к1ант, ден-ненан пурба а доцуш,шен лаамехь т1ам т1е х1унда вахана?Нийса диний цо иза?

V.Словарни болх.

Боьра-чукхетта меттиг.

Тархаш-т1улгаш.

Варш-лаьмнашца хуьлуш йолу луьста,юькъа хьун йолу меттиг.

Барзакъ-духар.

Г1еланаш-стен сеш.

Ижу- толлуш лоху напха,кхача.

VΙ.Жам1 дар.

1)-Вай урокан ц1е х1ун ю?

-Муьлха автор ву вай тахана 1амийнарг?

-Хьанах лаьцна ю х1ара поэма?

-Х1ун тайпа уьйр ю поэмин халкъан барта кхоллараллица?

2)Коментировать еш оценкаш д1ах1иттайо.

VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.50-58-г1ий;59-67-г1ий аг1онаш еша.

2.Хаттарш а,т1едахкарш а.

Г1ий урокаш.

Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

Дешархошка поэми чулацам схьабуьйцуьту.

ΙΙΙ.1амийнарг карладоккху.

-Муьлха иллеш девза шуна?

-Муьлха дийцарш девза шуна?

-Муьлха авторш бевза шуна?

-Муьлха произведенеш 1амийна вай?(«Эвтархойн Ахьмадан илли»,«Таймин Бийболатан илли»,«Наьрт-Эрстхойн паччахь Наураз»,«Ницкъ болу Солса»,«Нийса кхел» иштта д1а кхи.

ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

1)Хьехархочун дош.

Мамакаев 1арби вина 1918-чу шарахь Лаха-Неврехь.Теркаца йолчу оцу ширачу юьртахь д1аихна цуьнан бералла.Да-нана а делла,дукха жима волуш дуьйна байлахь висира иза.Серноводск берийн ц1ийнехь дешна ваьлча,Соьлжа-Г1ала рабфаке деша вахара.Хьалха цкъа пенан газета т1ехь,т1аккха «Серло»газетехь зорба тоха йолийра къоначу поэтан стихаш.1936-чу шарахь дуьйна йовза йолаелира цуьнан ц1е. Дукхахйолу стихаш зарбане евла,амма «Айза»,«Салихьатан йиш»,«Аслаг1ин кехат»,«Майра Кикила»халкъан а хилла д1аяхара: уьш эшаршка йирзира.40-чу шарахьНохчийн поэзин юьхь йинарг 1арбин лирика яра.Массо а жанрашкахь бохург санна къахьоьгуш схьавеана яздархо:дийцарш,повесташ,стихаш,пьесаш.Коьртачу декъан 1аьрби поэт-лирик ву.Мамакаев 1арби Кавказан к1ант ву.

2)Поэта шен хилла бералла х1инцалерчу кегийрхойн бераллица дусту кху произведенехь.Кху произведени т1ехь вайна хаало поэтан дог-ойла Теркаца эелла хилар.Цо Терк дендеш,шен доттаг1чуьнца санна дуьйцу. Терко а турпалхочуьнца къамел деш санна сурт х1утту вайна хьалха.Теркаца хуьлуш дерг тайп-тайпанчу басаршца гойту поэта.Цкъа дарлой,1аржлой г1овг1анца тулг1енаш етташ д1ах1утту иза, ткъа юха ,тийначу деношкахь,дог хьоьсту цо тийначу шен г1арца.Кхузахь поэта Терк дийцарца вайна го цуьнан берий дог-ойла,синтемалла а.

V.Словарни болх

Х1инцо-х1инцалерачу замано.

Чхар-т1улг.

Баккхалш-тайп-тайпана х1умнаш юхку туьканаш.

VΙ.Дешархошка яххьашца йоьшуьйту.

1)Шина-кхаа дешархошка шаьш ма кхеттара чулацам схьабуьйцуьйту.

VΙΙ.Урокан жам1 дар.

-Муха хилла боху поэта шен бералла?

-1алам а,Терк а муха гайтина поэмехь автора?

-Хьенан бералла ирсе лору поэта?Х1унда?

VΙΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.68-70-г1ий аг1онаш(70-73-г1ий аг1онаш)

2.чулацам схьабийца.

Г1а урок.

Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан кечам бар.

ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

-Муха хилла боху поэта шен бералла?

-1алам а,Терк а муха гайтина поэмехь автора?

-Хьенан бералла ирсе лору поэта?Х1унда?

ΙΙΙ.1амийнарг карладаккхар.

1)Хаттарш:

-Муьлха иллеш 1амийна вай?

-«Эвтархойн Ахьмадан илли»,«Таймин Биболатан илли»коьртачу турпалхоша муха къа хьоьгу,шайн некъа т1ехь нийса буй уьш?Барта жима сочинени х1оттайо.

-Муьлха туьйрана девза вайна наьрт-эрстхойх лаьцна?Муьлхарш?

-Гайсултанов 1.дийцаран коьрта турпалхо мила ву?

-Муьлха баснеш 1амийна вай?

-Муьлха поэташ бевза шуна?

ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

Хьехархочун дош: Иллин чулацам бовзийтар.

Къена инарла вара Аьлбика езаш.И шен вешо лур йоций а хууш парг1ата яра юьртарчу наха а ларйора иза. Юьртарчу к1анта ша Аьлбика юьртара арайоккхур ю аьлла вахана.Цуьнга хьан ваша вийна,кегий дакъош дина,верина бохуш и лен а йина юьртах йолуш эскаро го бина.Аьлбикас шех куьйгаш ма 1итта ша аш аьлларг дийр ду аьлла цаьрца д1аяхара.Ваша ц1а веача бухахь ца карийра цунна Аьлбика.Нанас дийцира к1антана. Цои за, инарлин корта а боккхуш, ц1а ялийра.

V.Словарни болх.

Чоа-шинель

Чов-рана

Чоли –серый

Верта-бурка

VΙ.жима сочинени язъяр.

1)Барта жима сочинени Аьлбикин васт.

2)Сурт дилла коьрта турпалхочун

VΙΙ.Жам1 дар.

-Муха стаг ву, инарла а,юьртара жима к1ант а?

-Муха к1ант ву коьрта турпалхо?

Коментировать еш оценкаш д1айохку.

VΙΙΙ.Ц1ахь бан болх

1.218-220-г1ий аг1онаш

Г1ий урокаш.

Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

Дешархошка поэми чулацам схьабуьйцуьту.

ΙΙΙ.1амийнарг карладоккху.

-Муьлха произведенеш 1амийна вай?

-Муьлха дийцарш девза шуна?

-Муьлха иллеш девза шуна?

-Муьлха авторш бевза шуна?

ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

1.Нунуев С-Хьамзат вина 1952-чу шарахь генарчу Казахстанехь.Голубиновка олучу жимачу юьртахь.Шен дай баьхначу махка ц1а вирзинчул т1аьхьа дешна цо Мархат1ерчу юккъерчу школехь. Школехь доьшуш волуш дуьйна а билгалваьллера хинволу яздархо исбаьхьаллин литературе шовкъ йолуш хиларна.Нохч-Г1алг1айн уневерситетехь доьшуш волуш кхин а алсам белира Сайд-Хьамзат цуьнга болу безам.

2.Вайн халкъ махках даккхар,халкъ хьийзор бехк боцуш ду кху т1ехь дуьйцург.Жима а,воккха а,къена а,къона а вара аравоккхуш. Къинхетам цхьаннах а ца бора.Божарий маьждиге д1агулбира ткъа зударий бераш цхьана йоккхачу чоь чу а боьхкина мацалла,хьогалла шелонна а леш бара.1аьнан уггаре а шийла бутт бара вайн халкъ махках доккхуш.Вайн къомах болу нах бара царна юккъехь шайн къам хьийзош.Чубоьхкинарш багийра арабовламеттиг яцара.Салтичо ма багабе аьлча иза а тоьхна вийра.Шайна дуьхьал мел ваьлларг а воьра мостаг1аша.Вайн къам бехк боцуш махках а, даьккхинамаситта шарахь хьийзира.

V.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Дешархошка яххьашца ешийтар.

2.Хаттарш ло дешархошка:

-Дийцар т1ехь юьйцург х1ун хан ю?Х1ун хаьа шуна цунах лаьцна?

-Х1ун тайпа халонаш лайна вай наха?

-Массо а боьрша стаг х1ун аьлла д1агулвира юьртан маьждиге?

-Нохчийн къам махках даккхаран бахьана муха дийцира эпсаро?

VΙ.Словарни болх.

Ц1ерпошт-поезд

Оьмар –век

VΙΙ.Уроккан жам1 дар.

-Вай урокан ц1е х1ун ю?

-Муьлха автор ву вай тахана 1амийнарг?

-Цуьнан муьлха произведени ю вай тахана 1аморш?

-Муьлха хан ю цу т1ехь юьйцург?

Ком-ть еш оценкаш д1ах1иттайо.

VΙΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.82-91-г1ий аг1онаш.

2.Хаттарш а,т1едахкарш а.

Г1ий урокаш.

Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

Дешархошка поэми чулацам схьабуьйцуьту.

ΙΙΙ.1амийнарг карладоккху.

-Муьлха произведенеш 1амийна вай?(«Эвтархойн Ахьмадан илли»,«Таймин Бийболатан илли»,«Наьрт-Эрстхойн паччахь Наураз»,«Ницкъ болу Солса»,«Нийса кхел» иштта д1а кхи.

-Муьлха дийцарш девза шуна?

-Муьлха автораш бевза шуна?

ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

1.Нунуев С-Хьамзат вина 1952-чу шарахь генарчу Казахстанехь.Голубиновка олучу жимачу юьртахь.Шен дай баьхначу махка ц1а вирзинчул т1аьхьа дешна цо Мархат1ерчу юккъерчу школехь. Школехь доьшуш волуш дуьйна а билгалваьллера хинволу яздархо исбаьхьаллин литературе шовкъ йолуш хиларна.Нохч-Г1алг1айн уневерситетехь доьшуш волуш кхин а алсам белира Сайд-Хьамзат цуьнга болу безам.

2.Вайн халкъ махках даккхар,халкъ хьийзор бехк боцуш ду кху т1ехь дуьйцург.Жима а,воккха а,къена а,къона а вара аравоккхуш. Къинхетам цхьаннах а ца бора.Божарий маьждиге д1агулбира ткъа зударий бераш цхьана йоккхачу чоь чу а боьхкина мацалла,хьогалла шелонна а леш бара.1аьнан уггаре а шийла бутт бара вайн халкъ махках доккхуш.Вайн къомах болу нах бара царна юккъехь шайн къам хьийзош.Чубоьхкинарш багийра арабовламеттиг яцара.Салтичо ма багабе аьлча иза а тоьхна вийра.Шайна дуьхьал мел ваьлларг а воьра мостаг1аша.Вайн къам бехк боцуш махках а, даьккхинамаситта шарахь хьийзира.

V.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Дешархошка яххьашца ешийтар.

2.Хаттарш ло дешархошка:

-Дийцар т1ехь юьйцург х1ун хан ю?

-Х1ун хаьа шуна цунах лаьцна?

-Х1ун тайпа халонаш лайна вай наха?

-Массо а боьрша стаг х1ун аьлла д1агулвира юьртан маьждиге?

-Нохчийн къам махках даккхаран бахьана муха дийцира эпсаро?

VΙ.Словарни болх.

Китель-йовха бедар

Ц1ерпошт-поезд

Оьмар –век

VΙΙ.Урокан жам1 дар.

-Вай урокан ц1е х1ун ю?

-Муьлха автор ву вай тахана 1амийнарг?

-Цуьнан муьлха произведени ю вай тахана 1амош?

-Муьлха хан ю цу т1ехь юьйцург?

Ком-ть еш оценкаш д1ах1иттайо.

VΙΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.82-91-г1ий аг1онаш.

2.Хаттарш а,т1едахкарш а.

Г1а урок

Урокан ц1е:Изложени.«Хьайбаха».

1алашо:Дозуш долу къамел кхиор.Изложенин чулацам буьззина д1аяздар 1амадар.

Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Изложенин кечам бар.

1)Шина-кхаа дешархочуьнга чулацам схьабуьйцуьйту.Вовше хаттарш ло.Чулацам нийса буьйций вовше толлу.

2)Хьехархочо хаттарш даларца,бераша текстаца болх бо.

Хаттарш:

--Масалг1а ш оду вайн халкъ махкара арадаьккхинарг?

-Бисинарш муьлхачу юьрта схьагулбина эпсарша?

-Божарий стенга гулбира , ткъа зударий бераш?

-Божлий чу боьхкинчул т1аьхьа х1ун дан омра дира?

-Кхочуш дирий и омра?

-Мила вара дуьхьал и кхочуш ца дан?

-Х1унда багош бара уьш?Х1ун бахьана дара, бехке барий нохчий?

-Багийначул т1аьхьа г1о даьккхинчу шина эпсарна х1ун дира?

-Маса адам х1аллак дира Хьайбаха олучу юьртахь?Муха хилира церан кхалхар?

ΙΙΙ.Дешархоша д1аязйо изложени.

Предложенеш хьехархочо нисйо,г1

Наши рекомендации