Урокан ц1е:Доладерзоран,дерзоран-доладеозоран,гайтаран,хаттаран,юкъаметтигаллин ц1ерметдешнаш.
1алашо:Ц1ерметдашах 1амийнарг карладаккхар.
Къамелехь тайп-тайпанчу ц1ерметдешнех а, церан дожарийн чаккхенех а нийса пайда эца
хаар к1аргдар.
Урок д1аяхьар.
Ι.Урокан болх д1ах1оттор.
ΙΙ.Дешархоша ц1ахь бина болх таллар.
1.Дешархошка дуьйцуьйту терахьдашах лаьцна 1амийнарг, хаттарш а х1иттош.
2.Доьшуьйту 339-чу шардар т1ера рог1аллин терахьдешнаш.
-Царалахь билгалдаьхна х1оттаман а,чолхе а терахьдешнаш муьлхарш ду?
ΙΙΙ.1амийнарг т1еч1аг1дар.
1.Дешархоша жоьпаш ло учебник т1ехь 1амийнарг карладаккхарна деллачу 7-чуй,10-чуй хаттаршна.
2.Кхочушдо 344-г1а шардар.
3.Кхочушдо 343-г1а шардар.
-Дийца,х1ун башхалло хаттаран а,юкъаметтигаллин а ц1ерметдешнашна юкъахь?
-Шина ц1ерметдашна бе морфологически къастам.
ΙV.Дешархошка шайга болх байтар.
1.Легаде со-су0,уьш-шаьш,сайниг,цуьннаш боху ц1ерметдешнаш.Билгалъяха церан дожарийн чаккхенаш.
2.Тхо-тхаьш,хьо-хьуо,шуьниг,тхайниг боху ц1ерметдешнаш юкъа а далош,предложенеш х1иттае.
-Предложенин муьлха меженаш хуьлий лела и ц1ерметдешанш?
V.Гайтаран диктант.
ДОЗАНХО.
Даймехкан малх,ирс,маршо,
Сой ,сан мамий,вай массо,
Тхан школа,хьоме беш-
Вайн берриге а мохк ларбеш
Ву сан ваша дозанхо.
Дерриг цунна хеза ,го.
Т1аккха парг1ат 1уьллу со,
Мерза набъеш,сайн меттакхь.(Ж.Махмаев)
-Оьшучу интонацица д1аеша байташ.
-Муьлха ц1ерметдешнаш далийна авторо байташ т1ехь?
-Муха тобина цара байтин чулацам?Дика кхетий вай цунна ала луучух?
-Билгалдаха оцу ц1ерметдешнийн дожарш, йийца церан нийсаяздаран бакъонаш.
VΙ.Дозуш долу къамел кхиор.
Дешархошка кехат яздойту шайн гергарчаьрга(дедега,денене,девеше,дейише,кхечаьрга а), шаьш аьхкенан денош цаьргахь даха дагахь хиларх лаьцна.
Кехат яздаран кеп берашка хьалха а йийцина.
Т1едиллар:Шаьш яздечу кехатна юкъа ц1ерметдешнаш даладе.
VΙΙ.Ц1ахь бан болх.
1Ц1ерметдашах 1амийнарг карладаккха.
2.Кхочушде 345-г1а шардар.
Г1ий урокаш.
Урокан ц1е:Хандош,цуьнан билгалонаш.
1алашо: Карлаяха хандешан грамматически билгалонаш,
церан нийсаяздаран бакъонаш,хенаш.
Урок д1аяхьар.
Ι.Урокан болх д1ах1оттор.
ΙΙ.Хьехархочун дош.
Хандош 1амочу хенахь вайна гучуделира цуьнан билгалзачу кепах кхета хало хилар а, яханчу хенан хандош масдарх а, причастех атта къаста цадалар а.Иштта хала дара шуна хандешнийн хенаш билгалъяха а, церан чаккхенаш нийсаязъян а.
Х1инца 1амийнарг к1аргдеш, хандош 1амор д1ахьур ду вай ворх1алг1ачу классехь а.Нохчийн мотт 1аморехь доккха дакъа д1алоцу хандашо.И къамелан дакъа кхачам боллуш талла а,1амо а деза вай.Х1инца вай 1амийнарг карладаккху.
ΙΙΙ.Хандашах лаьцна 1амийнарг карладаккхар.
1.Д1аязъе предложенеш.Морфологически къастам бе царна.
1)Дайн г1иллакхаша хьалхе яьккхира…
2)Догдика,къонах стаг яра Шахмирзин ненайиша.
3)Дахар а ца нисделлера цуьнан.
4)Цундела берашца бекъаза безам шен йишин к1антана д1алора цо.
5)Неайиша шолг1а нана хилла д1ах1оьттинена цунна.
-Муьлха къамелан дакъош ду предложенешкахь?Шуна ца девзаш къамелан дакъа дуй кхузахь?Муьлхарг?
-Схьаязде хандешнаш,йийца церан грамматически билгалонаш;предложенехь муьлха меже хуьлий лела уьш?
-2-чуй,5-чуй предложенешна синтаксичечки къастам бе.
2.Муьлхачу хаттаршна жоп ло билгалзачу кепехь долчу хандешнаша?Х1ара хандешнаш билгалзачу кепе х1иттаде.Цхьа а хан гойтий цара?
Хетара,веанера,цецваьлла,ладоьг1на,резахуьлу,ихна,т1елаьцнера,лаьара,дора,мажделла,гулло, дан, зен, лен, шарйина,д1аоьхура,сецавора.
Кеп:яздо-яздан.
ΙV.Дешнийн диктант.
Ган лиира,сацо вуьйлира,серлаяла йолаелла, арахь шелъелла.хьаннаш серлайовлу,гонаха хьаьвзи,гена кхоьссина, майданахь гинера,кхуза ваийтинера,йоуьйтур ю,кхеталур ву.
-Дагадаийтий дийца,муха яздо цхьана дешдекъах лаьтташ долу хандош билгалзачу кепехь.Даладе масалш.
-Дешнийнцхьаьнакхетарехь долчу хандешнийн хенаш билгалъяха, барта йийца церан суффиксаш; морфологически къастам бе хандешнашна.
V.Орфографически 5 минот.
1)Билгалзачу хандешан орамера а карарчу хенахь о-не доьрзу,чаккхенгахь у х1утту:саца-соцу.Даладе масалш.Уьш д1аязде.
2)Х1ара хандешнаш карарчу хене х1иттаде:
Ваха ,хьажа,акха,ала, вада, лахка, арахьакха,ата,аха,мала, даа, лалла,дахка,таса,баккха,кхалла.
-Орамера а,чаккхенера а аьзнаш билгалдаха.
VΙ.Дешархошка шайга болх байтар.
1)Кхочушдо 348-г1а шардар.
2)Дуьйцура,мелира бохучу хандешнашна хенаш къовларш юкъахь язъе.
VΙΙ.Ц1ахь бан болх.
1.Хандашах лаьцна 1амийнарг карладаккха.
2.Кхочушде 349-г1а шардар.
Г1а урок.