Урокан ц1е:Цхьадолчу хандешнийн терахьашца а,классашца а хийцадалар.
1алашо: Хаа деза,цхьадолу хандешнаш терахьашца а,классашца а хийцалуш хилар.
Барта а,йозанан а къамелехь хандашах нийса пайда эца а, церан хенаш билгалъяха а хаар.
Урок д1аяхьар.
Ι.Урокан болх д1ах1оттор.
ΙΙ.Дешархоша ц1ахь бина болх таллар.
1.Шардар толлу ц1ахь кхочушдина.
2.1амийна бакъо схьаюьйцуьйту.
ΙΙΙ.Дешнийн диктант.
Ган,дан,лан,доьшу,веха,сихло,х1утту,кхуьйсу,йолаелира,гучуйовлу,сакъерало,яздер,вог1ур ву,дити,веа,эли,кхоьсси,хьаьжи.
-Марсадуьйлу бохучу дешан дийца лексически маь1на.Х1оттае цунна дошаман статья.
ΙV.Керла коьчал йовзийтар.
1)Цхьадолу хандешнаш,шайца уьйр йолчу ц1ердешнашка хьожжий,классашца а,
терахьашца а хийцало:к1ант вог1у,йо1 йог1у,стаг вог1у,бер дог1у;говр едира-говраш-евдира.
V.1амийнарг т1еч1аг1дар.
1.Кхочушде 322-г1а шардар.
-Классашца а,терахьашца а хийцинарш билгалдоху.
2.Кхочушде 323-г1а шардар.
VΙ.Дозуш долу къамел кхиорна.
1.Х1оттабе жима хаам, х1ара ц1е а йолуш:«Вайн школера керланаш»Пенан газета т1е тоха я школьни радио чухула дийца.
-Хаамна юкъа даладе хандешнаш.
2.Муха кечбо иштта хаам?
Хьалхара ,массаьрга ладог1ийта,хаьржина дешнаш хила деза«Ладог1алаш,ладог1алаш.ладог1алаш! Х1инца ца хазахь,цкъа а хезар дац шуна цхьа тамашийна х1ума!»
Шолг1а,д1аболо беза хаамаш ч1ог1а тидаме ладуг1уьйту дешнаш олу:«Тахана школе хьаша вог1у.Мила ву-берийн дика доттаг1а ву!Вон ма лела.Дика 1амаде!Уггар дика класс телевизор чохь гойтур ю!
Массо а кечло ,урокехь болх бе ,охьа мадийша!Сема хила!»
Кхоалг1а, хаам беш долу х1ума массарна пайденна хила деза.
Доьалг1а,дуьйцуш дерг ч1ог1а доца,боккха чулацам болуш,дика олуш хила деза.
3.Шайна хуучу кепара хаамаш х1иттабе.
VΙΙ.Жам1 дар.
-Тахана вай 1амийначу урокан ц1е х1ун ю?
-Муха кхийти шу цунах?
-Классашца хийцадалар стенах олу?
Комментировать еш оценкаш д1айохку.
VΙΙΙ.Ц1ахь бан болх.
1.1амае 52-г1а§.
2.Кхочушде 325-г1а шардар.
Г1а урок.
Урокан ц1е:Хандашах 1амийнарг карладаккхар.
1алашо:Хандашах 1амийнарг карладаккхар,т1еч1аг1дар.
Урок д1аяхьар.
Ι.Урокан болх д1ах1оттор.
ΙΙ.Дешархоша ц1ахь бина болх таллар.
1.Шардар толлу ц1ахь кхочушдина.
2.1амийна бакъо схьаюьйцуьйту.
ΙΙΙ.Хандашах 1амийнарг карладоккху учебник т1ерачу хаттаршна жоьпаш а луш,масалш а далош.
ΙV.Дешархошка шайга болх байтар д1ахьо шина кепехь:
1-ра кеп: | 2-г1а кеп: |
1.Кхочушде 327-г1а шардар. 2.331-чу шардарна т1ера хьалхара 5 хандош, хаттарш а х1иттош,массо а хенаш а хуьйцуш, д1аязде. 3.Стеган дахарехь тайп-тайпана нисло ц1еран дийнаташ довзар а,цаьрца доттаг1алла тасадалар а. -Предложенина бе синтаксически къастам. -Доттаг1алла бохучу дашна ялае синоним. -Цаьрца бохучу дашна бе морфологически къастам | 1.Кхочушде 329-г1а шардар. 2.331-чу шардар т1ера т1аьххьара 5 хандош,хаттарш а х1иттош,массо а хенахь д1аязде. 3.Г1аш дегош хьоькхура гуьйренан шийла мох. -Предложенина бе синтаксически къастам. -Шийла бохучу дашна ялае антоним. -Гуьйренан мох бохучу дешнийн цхьаьнакхетар т1ерачу дешнашна бе морфологически къастам. |
V.Хьалххе-хаийтаран диктант.
Тамашийна хуьлу Дег1астан 1аьнан т1аххьара мур.Цуьнан аматаш цадевзарг атта 1ехор ву цо. Цхьадолу денош хуьлу б1аьстенан денош санна довха.Ишттачу деношкахь малх а хуьлу,б1аьста санна,доллу х1ума серла а доккхий.Цуьнан йовхачу з1аьнарша массо а садолчу х1уман са парг1ат а доккху, церан са а къерадолуьйту.Иштта денош даьхкича,дукхах болчу х1усам-наноша эсий к1аранаш чуьра уьйт1а а дохий, уьш уьйт1ахула уьдуьйту.Кегий бераш а хуьлу, царех ч1ог1а самукъадолий,царна т1аьхьадевдда лелаш. (М.Юнусов)
-Оьшучу интонацица д1аеша дийцаран кийсак.
-Муха ду авторо 1аьнан т1аьххьарчу денойн х1оттийна сурт?
-Хандешнийн хан,терахь,класс билгалъяккха.Дийца,муха кхоллало карарчу хенан хандешнаш?
-Хьалхарчу предложенина бе синтаксически къастам.Схема х1оттае цунна.
-Сказуеми муьлха къамелан дакъа ду?
-4-чу предложени т1ерачу ц1ерметдешнашна бе синтаксически къастам.
VΙ.Гайтаран диктант.
Мотт
Вайн мотт бу 1аламал ч1ог1а,
Хьекъале цо йоьг1на лард.
Доккху цо къайленин дог1а,
Къаьмнашлахь цо кхуллу барт.
Халкъашна цкъа бакъдерг кховдош,
Цкъа делхош харцонан дерз,
Ду иза-бакъдолчун шовда,
Ду иза- къинойна а герз.(М.Сулаев.)
-Вай 1амийнчарех муьлха орфограммаш ю байташ т1ехь?Билгалъяха уьш.
-Дагахь 1амае байташ, цул т1аьхьа д1аязъе.
VΙΙ.Ц1ахь бан болх.
1.Хандешах 1амийнарг карладаккха.Талламан диктантана кечам бе.
2.Кхочушде 334-г1а шардар.
Г1а урок.
Урокан ц1е:Талламан диктант.«Шемал.»
1алашо: 1амийнарг карладаккхар.
Урок д1аяхьар.
Урокан болх д1ах1оттор.
ΙΙ.Хьехархочо текст йоьшу, ца кхеташ долу дешнаш уьн т1е д1аяздо.
ΙΙΙТекст аларца д1аязъяр.
Эзар барх1 б1е шовзткъе барх1алг1ачу шарахь йолхитталг1ачу июлехь Шела улло гулбира Шемала Нохчийн наибаш а,1еламнах а. Итт де хьалха Шуьйта а гулбинера цо уьш.Йохийна, ягийна,ерзина яьхначу хьаннаш юккъехь,шуьйрачу арахь тийна д1ах1иттина лаьтта нохчийн эскарш.Имамна т1евеанчу нохчийн коьртачу наиба шелахойн Т1елхига кхуза муьлха наибаш баьхкина а,цаьрца мел б1аьхой бу а дийцира цунна доцца.Шемала б1аьрг туьйхира б1аьхошка.Дуккха а т1емашкахь зийначу,х1оккху Шемалх дуьненахь а ц1е яхана турпалхо винчу нохчийн хьалхалерачу майрачу гвардех бисина цхьа кана т1емалой.Царна хьалха лаьттара ц1арна а ц1е яхана шелахойн Т1елхаг, шотойн Ботукъ а, гиххойн Сайдулла,бенойн Бойсг1ар,аьккхойн Гойтмар,гендаргенойн 1иса кхин болу г1арабевлла наибаш а.
-Ладог1ал,майра нохчий,-мохь туьйхира Шемала.
Аре д1алаьцна долчу эскаро тапъаьлла ладуьйг1ира.
Грамматически т1едиллар.
1)Хандешнашна буха сиз хьакха.
2)Шолг1ачу предложенина бе синтаксически къастам
ΙΙΙ.Жам1 дар
Кхин цкъа а йоьшу тет радаш схьалахьдо.
ΙV.Ц1ахь бан болх
Хандешнех лаьцна карладаккхар.
Г1а урок.