Урокан ц1е:Ц1ерметдешнийн тайпанаш карладахар.
1алашо:Муьлха меже хуьлий лела ц1ерметдош предложенехь,
тайпанашах лаьцна 1амийнарг карладаккхар
Урок д1аяхьар.
Ι.Урокан болх д1ах1оттор.
ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.
1.Шардар толлу ц1ахь кхочушдина.
2.1амийна бакъо схьаюьйцуьйту.
ΙΙΙФронтальни хеттарш
-Ц1ерметдешнаш стенах олу?
-Маса тайпа ц1ерметдешнаш ду?
-Яххьийн ц1ерметдешнийн маса юьхь ю?
-Доладерзоран ц1ерметдешнаш стенах олу?
-Хаттаран а,юкъаметтигаллин а ц1ерметдешнаш муха къасто деза?
-Ц1ерметдош х1унда аьлла цуьнах?
ΙV.1амийнарг карладаккхар.
Со,иза,тхоьга,суна,х1орш,уьш,и,кхузара,вайша,вайн,ваьш,со-суо,хьуо,ша,хьох.
-Ц1ерметдешнийн тайпанашка а доькъуш д1аязъде ц1ерметдешнаш.
-Дийца муьлхачу дожарехь лаьтташ ду ц1ерметдешнаш.
№ | Ц1ерметдешнийн тайпанаш | масалш |
Яххьийн:1-ра юьхь 2-г1а юьхь 3-г1а юьхь | Со,тхо,вай,вайша,тхойша Хьо ,шу,шуьшшиъ И,иза,уьш,уьзаш | |
Дерзоран: 1-ра юьхь 2-г1а юьхь 3-г1а юьхь | Суо,со-суо,тхо-тхаьш,вай-ваьш, Хьуо,хьо-хьуо,шу-шаьш И-ша,уьш-шаьш | |
Дерзоран-доладерзоран: 1-ра юьхь 2-г1а юьхь 3-г1а юьхь | Сан,тхан,вайн Хьан,шун Цуьнан,церан | |
Гайтаран | Х1ара,иза,д1ора,цигара. | |
Къастаман | х1арра,изза,оццул,х1оккхул,муьлхха а,милла а. | |
Къастамза | Хьнех,минех,цхьаверг,цхьаццаверг | |
Дацаран | Х1умма а,цхьа а,адам а. | |
Хаттаран | Мел?маса?х1ун? мила? | |
Юкъаметтигаллин | Х1ун,мила,хьенан |
V1.1амийнарг т1еч1аг1дар.
1.Кхочушде 265-г1а шардар.
Мила ву яздина ваьлларг?Мила ву боданашкахь верг ца гора.Х1ун боху ахь нана?Нанас х1ун боху ца хаьара.Х1ун боху ахь?Цомгашчо х1ун боху ца кхетара со.Мила ву классехь уггаре а дика доьшуш?Массарна а хаьа, мила ву классехь уггаре дика доьшуш.
V1Ι.Жам1 дар.
-Муьлха тема ю вай тахана 1амийнарг?
-Тахана вай 1амийнарг муьлха тайпа ду?
- Ц1ерметдешнаш муха къасто деза?
-Ц1ерметдош х1унда аьлла цуьнах?
-Ц1ерметдош маса тайпа ду?
-Яххьийн ц1ерметдешнаш маса юьхь ю?
-Муьлхачу къамелан дакъош метта лела ц1ерметдош?
Оценкаш д1айохку .
VΙ1Ι.Ц1ахь бан болх.
1.1амае 41-г1а§
2.Кхочушде 262-г1а шардар.Шина-кхаа ц1ерметдашна бе морфологически къастам
Г1а урок.
Урокан ц1е:Хандош а,цуьнан маь1на а.
1алашо:.Хандош билгалдаккха деза къамелан дакъа хиларе терра.
Цо х1ун гойту а,муьлхачу хаттаршна жоьпаш ло а хаа деза.
Предложенехь хандош сказуеми хуьлий лелий хаар.
Урок д1аяхьар.
Ι.Урокан болх д1ах1оттор.
ΙΙ.1амийнарг карладаккхар.
1.Фронтальни хаттарш:
-Стенах олу ц1ердош?
-Билгалдашо х1ун гойту?
-Терахьдош стенах олу ?
-Стенах олу ц1ерметдош?
2.Дешнийн диктант.
Ц1ен къолам,ц1ийина шура,сийна папка,б1аьста сенъелира,хьалххе 1аржъелла,можа г1аш,гуьйранна мажделла,ч1ог1а к1айина,к1айн аренаш,1аьржа латта.
-Х1окху цхьаьнакхетаршна юкъара цхьа орам болу дешнаш муьлхха къамелан дакъош ду.Билгалдаха уьш,дешнийн цхьаьнакхетаршна толлам а беш.
ΙΙΙ.Керла коьчал йовзийтар.
Хьехархочун дош:
1.Х1уманан дар я хилар гойтучу къамелан декъахь хандош олу.Цо жопЛОх1ун до?х1ун дан?х1ун хила? Х1ун хуьлу?бохучу а,хенашца хийцадаларца царех схаьдевллачу а хаттаршна.Х1ун дан?яздан,деша,хьажа.Х1ун до?яздо,доьшу,хьожу.Х1ун хила?шелъяла.йохъяла.Х1ун хуьлу? шелло,йохло.
2.Х1окху предложенеш юкъра хандешнашна буха сиз хьакха.
Бераш дахара ц1азамаш даха эвлан йисте.Цаьрца Казбек вара.Ц1азамаш карадора берашна. Ц1еххьана кхоьлира.
-Хандешнашна буха сиз хьакха.Хаттаршх1иттаде.
-Аларан 1алашоне хьаьжжина,муьлха предложенеш ю уьш?
-Хандешнашна хаттарш х1иттаде.
ΙV.1амийнарг т1еч1аг1дар.
1.Кхочушде 272-г1а шардар.
Цхьана предложенина бе синтаксически къастам.
2.Уьна а,тетрадаш т1е а яздеш,кхочушдо 273-г1а шардар.
V.Жам1 дар.
-Х1ун гойту хандашо?
-Муьлхачу хаттаршна жоп ло цо?
-Предложенехь муьлха меже хуьлий лела иза?Даладе масалш.
Комментировать еш оценкаш д1айохку.
VΙ.Ц1ахь бан болх.
1.1амае 42-г1а§
2.Кхочушде 275-г1а шардар.
Г1ий урокаш.
Урокан ц1е:Хандешан билгалза кеп.
1алашо:.Хаа деза ,хандешан билгалза кеп-иза юьхьанцарчу
хандешан форма юста,цо цхьа а хан билгал ца йой а.
Урок д1аяхьар.
Ι.Урокан болх д1ах1оттор.
ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.
1.Шардар толлу ц1ахь кхочушдина.
2.1амийна бакъо схьаюьйцуьйту.
ΙΙΙ.Дешнийн диктант.
Кхоьру,мала,вог1у,сенло,хила,олу.лаьара,т1екхечира,йоллура,хьалхавелира,эца,кечлора,ган,ван,деша,оьцура,кечвала,хиънера,ваха,ала,хьожур ву,ида,кхехка,1аржъяла,лийхи.
-Муьлха къамелан дакъа дув ай цара?
-Муьлхачу хаттаршна жоп ло цара?
-Массо а хандешнаша билгалйой хан?Билгалза кепан хаттарш:х1ун дан?х1ун хила? эца,ваха,деша,кхехка.
ΙV.Керла коьчал йовзийтар.
1.Йоьшу 43-г1а§.
2.Кхочушдо 277-г1а шардар.
3.Цхьана дешдекъах лаьттачу билгалзачу кепан хандешнийн масалш даладо церан чаккхенгахь н яздеш хилар билгал а доккхуш.