Урокан ц1е:Ц1ерметдош морфологически къастор.

1алашо:Ц1ерметдашах 1амийнарг т1еч1аг1дар,к1аргдар.

иза морфологически къасторан некъ гайтар.

Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

1.Дешархошка уьн т1ехь болх бойту кехаташца:

1-ра кехат.

1.Яххьийн а,дерзоран а ц1ерметдешнех,маь1не хьаьжжина, подлежащи я кхачам юкъахь болу предложени х1оттайо.

2.Хьенан ю х1ара книга7

-Кхуьнан ю иза.

Синтаксически къастам бе предложенешна.Дийца, ц1ерметдешнаш предложени муьлха меже ю?

3.Ц1ерметдешнаш юкъадалош,диалог х1оттае(кхо-йиъ предложени я реплика).

-Диалогехь х1итточу сацаран хьаьркех лаций дийца.

2-г1а кехат

1.Лаамазчу гайтаран а, къастаман а, доладерзоран а ц1ерметдешнех къастам хилар.

2.Х1ара беш тхан ю.Тхо ду болх беш.Синтаксически къастам бе предложенешна.

3.Масех маь1нехь лелаш долу корта боху дош юкъадалош, предложенеш х1иттае:1)шен дуьххьарлерачу маь1нехь:адаман корта;2)тайпанан корта;3)хин корта;4)повестан корта(коьрттера еша повесть)

ΙΙΙ.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Синтаксически къастам бе 254-г1а шардар т1ерачу предложенешна.

-Ц1ерметдешнаш предложенин муьлха меженаш хуьлий лела?

-Мискачу нанна,доккха г1о бохучу дешнийн цхьаьнакхетаршна юкъахь долчу дешнашна бе морфологически къастам.

2.255-чу шардар т1ехь долчу ц1ерметдешнийн тайпана,терахь,дожар билгалдаккха.Цхьалхе я чолхе ду уьш?

ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

1.Вайна морфологически къасто хууш маса къамелан дакъаду?

-Стенна т1ера болабо церан морфологически къастам?

-Ткъа ц1ерметдешан ду1 хаттарш?Юй цуьнан юьхьанцара кеп?

-Ц1ерметдешан муьлха морфологически билгалонаш евза шуна?

-Ткъа цуьнан синтаксически г1уллакхаш дийца хуур дарий,морфологически къастам беш?

2.Ц1ерметдош морфологически къасторан некъ иштта билгалбаккха мегар ду:

1)къамелан дакъа;

2)морфологически билаглонаш:юьхьанцара кеп (цхьаллин терахь,ц1ерниг дожар);тайпа,терахь,юьхь(елахь),дожар.

Синтаксически г1уллакх.

Цхьа х1ума элира ас цуьнга.

Ι.Ас(хьан?)-ц1ерметдош.ΙΙ.Юхьанцара кеп-со(мила?);яххьийн,хьалхара юьхь,цхьаллин терахь,Др.д.

ΙΙΙ(хьан?)ас.

V.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Кхочушде 257-г1а шардар.

V1.Дозуш долу къамел кхиор.

1.Кхочушдо259-г1а шардар.

-Кехат яздеш,муха доло деза иза?

-Хьйна ала луург цхьа мог1аралла а йолуш ала дезий,коьртаниг хьалха а доккхуш?

-Айхьа яздеш дерг оьздачу,г1иллакхечу маттаца яздича муха хета хьуна?

-Х1ун аларца чекхдаккха мегар ду доттаг1чуьнга яздина кехат?

2.Цхьана кехат т1ехь язде иза.

V1Ι.Жам1 дар.

-Муьлха тема ю вай тахана 1амийнарг?

- Ц1ерметдешнаш муха къасто деза?

-Ц1ерметдош х1унда аьлла цуьнах?

-Ц1ерметдош маса тайпа ду?

-Ц1ерметдешан морфологически къастам муха бо?

-Муьлхачу къамелан дакъош метта лела ц1ерметдош?

Оценкаш д1айохку .

VΙ1Ι.Ц1ахь бан болх.

1.1амае 40-г1а§

2.Кхочушде 260-г1а шардар.

3.Доттаг1чуьнга кехат классехь яздан ца кхиънехь,ц1ахь чекхдаккха.

Г1а урок.

Урокан ц1е:Ц1ерметдош карладаккхар

1алашо:Ц1ерметдешан тайпанаш карладоху,уьш т1еч1аг1дарца болх бо.

Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

1.Шардар толлу ц1ахь кхочушдина.

2.1амийна бакъо схьаюьйцуьйту.

ΙΙΙ.1амийнарг карладаккхар.

1.Учебник т1ерачу хаттаршна жоьпаш ло,масалш даладе.

2.266-г1а шардар кхочуш де.

3.Ц1ерметдешнийн тайпанаш карладахар 1алашонна ешийтта 41-г1а§ т1ера кеп.

-Муьлха ц1ерметдешнаш ду дефисца яздеш?

-Муха хийцало дожаршца яххьийн,доладерзоран,гайтаран ц1ерметдешнаш?

-Массо а ц1ерметдешнийн юй яххьаш?

4.Кхочушде 261-г1а шардар.

ΙV.Дешнийн диктант.

Цуьнан-шен,шун-шайн,сан-сайн,вайн-вешан,хьо-хьуо,тхо-тхаьш,вай-ваьш,уьзаш,и-ша,шун,шуьга,д1ора,изза,х1окхул,милла а,хьенех,х1умма а,минех.

-Елахь,ц1ерметдешан юьхь язъе.

V.Дешархошка шайга болх байтар.

Х1окху кепара язде х1ора къамелан декъана пхиппа масал.

Къамелан дакъош.

Ц1ердош билгалдош терахьдош ц1ерметдош

1.

2.

3.

4.

5.

-Х1ора къамелан декъан морфологически билгалонаш йийцар.

V1.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Кхочушде 262-г1а шардар.10-чу предложенина бе синтаксически къастам х1ара,кхуьнан бохучу дешнашна бе морфологически къастам.

2.Уьна а,тетрадаш т1е а яздеш,кхочушдо 253-г1а шардар.

V1Ι.Жам1 дар.

-Муьлха тема ю вай тахана 1амийнарг?

-Тахана вай 1амийнарг муьлха тайпа ду?

- Ц1ерметдешнаш муха къасто деза?

-Ц1ерметдош х1унда аьлла цуьнах?

-Ц1ерметдош маса тайпа ду?

-Яххьийн ц1ерметдешнаш маса юьхь ю?

-Муьлхачу къамелан дакъош метта лела ц1ерметдош?

Оценкаш д1айохку .

VΙ1Ι.Ц1ахь бан болх.

1.1амае 41-г1а§

2.Кхочушде 262-г1а шардар.Шина-кхаа ц1ерметдашна бе морфологически къастам

Г1а урок.

Наши рекомендации