V.Схьаязъе г1алаташ даьхна предложенеш.

Г1а урок.

Урокан ц1е:Къамелан дакъош(юкъара кхетам)

1алашо:Ц1ердош,билгалдош,хандош,куцдош а карладаккхар а,

церан синтаксически г1уллакх довзийтар а.1амийнарг

т1еч1аг1дар.

ЛичностниДешархойн шаьш – шайна кхиарна кечаман а, хьуьнаран а чулацам, дешарна а, довзарна а шовкъ кхоллар

Регулятивни Барта а, йозанан кепехь а шен я гондахьа болчеран г1уллакхан нийса мах хадор, таллар; оьшучохь г1алат нисдар

ПознавательниШен кхетам гайтар, хуург билгалдаккхар

КоммуникативниЦхьаьна дечу г1уллакхехь къамелан з1е хилар шен нийсархошца а, баккхийчаьрца а

Урок д1аяхьар.

Организационни момент.

ΙΙ.Актуализаци.

-Маца яздо вай дешан чаккхенгахь н элп?Даладе масалш.

-Къамелехь олий вай н элп?

-Муьлха къамелан дакъош 1амийна вай?

-Х1ун гойту цара?Даладе масалш.

-Кху предложенина бе морфологически къастам.

Ц1.дош. хан.д. хуттург. Ц1.д. хан.д. ц1ер.дощ.

Книгаш яхьар ю аьлла, дош делира ас цунна.

-Кхин муьлха къамелан дакъа девза вайна?

ΙΙΙ.Дешнаш т1ехь болх.

Ч1ана ю (билг.)-еда,питьё.

1адам бу(ц1ердош)- ужас.

ΙV.1амийнарг карладаккхар,т1еч1аг1дар.

1)билгалдаха къамелан дакъош.

Стаг,аьхна,ц1ен, вахара,инкарло,болх,меллаша,еара,стохка,хаза,зезаг,стела1ад,ийцира,журнал.

а)Бераша гурахь синтарш дуьйг1ира.

б) Геннара гора йог1у сийна машен.

в) Асет а, Разет а, Ровзан а дика доьшуш ю

-Дуьйцу къамелан дакъойх лаьцна.

-Предложенехь церан синтаксически г1уллакх.

V.1амийнарг т1еч1г1дар.

-Кхочушде 27-г1а шардар.

-Предложенина бо синтаксически къастам.

-Т1аххьарчу предложенина бе морфологически къастам.

VΙ.Рефлекси.

-Муьлха къамелан дакъош девза вайна?

-Меран н маца яздо дешан чаккхенгахь?

-Муьлхачу дожаре даккха деза дош н элп дуй хьажа?

VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1. Бакъо карлаяккха.

2.Кхочушде 28-г1а шардар.

Г1а урок.

Урокан ц1е:Билгалдош,цуьнан маь1на а,морфологически билгалонаш а.

1алашо:Билгалдешан морфологически билгалонаш йовзар,церан синтаксически г1уллакх къастор.Билгалдош кхечу къамелан декъех къасто хаар.

Личностни Эстетически хьашташ, мехаллаш, синхаамаш кхоллар; Ненан матте безам кхиор

Регулятивни Хьехархочо ма аллара кхочушдар шена т1едиллинарг

Познавательни Хьаьркийнсимволийн г1ирс 1аморан объектийн, процессийн кепаш кхолларехь хаамаш схьагайта а, 1амор а

КоммуникативниКерла хаамаш кечбар, системе балор, тайп-тайпанчу кепехь д1агайтар

Урок д1аяхьар.

Ι.Орг.момент. Актуализаци.

ΙΙ.1амийнарг карладаккхар.

1.Кхочушдо 22-г1а шардар(4 предложени язйо)

-Билгалдаха къамелан дакъош.

-Ц1ердешнашна бе морфологи къастам кхаа кепехь.

ΙΙΙ.Дешнийн диктант.

Атта некъ, аьрха говр, аьчкан маьнга, башха йоза, бес-бесара къоламаш, бецан н1аьна, боьмаша мачаш, боьрша эса, букъан даь1ахк, довха дог, довха куьг, готта урам, гергара к1ант ,дайн стака,еак1ов керт, зене болх, ингалсан мотт,деден шаьлта,вешин сахьт.

-дийца , х1ун олу оцу дешнех.(Дешнийн цхьаьнакхетарш).

-Муьлха къамелан дакъош ду уьш?

-Коьрта дешнаш муьлхарш ду?Дозуш дерш а билгалдаха.

-Муьлхачу а дешнийн цхьаьнакхетарна бе къастам.

муха?

Кеп: дайн стака

↓ ↓

Билгалдош ц1ердош

ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

1.Х1унда оьшу билгалдош?

2.Муьлхачу къамелан декъаца уьйр хуьлу цуьнан?

3.Билгалдош ша лелий, цхьаьна а дошца уьйр йоцуш.

4.Х1ун гойту билгалдашо?Даладе масалш дешнийн диктантана т1ера.

5.И билгало муьлхачу къамелан декъан гойту цо?

6.Т1аккха билгалдашо ц1ердешан билгало гойту ала мегар дуй?

7.Бес-бесара зезагаш дара бешахь.

-Билгалдош муьлхачу дашах дозуш ду?Муха хии иза?(Хаттар х1оттийча).

Зезагаш муха ду?-бес-бесара.

-Муьлхачу а ц1ердашца лелий бес-бесара боху билгалдош?Бес-бесара бошмаш ала мегар дуй?(Дац.Билгалдош муьлхачу а ц1ердашца ца лела)

8.Кхин билгалдешнаш хир дарий те зезагийн кхин а билгалонаш гойтуш?

Даккхий зезагаш,хаза зезагаш,арара зезагаш,бешара зезагаш,лекха зезагаш.

-Зезагийн билгало гойтий оцу дешнаша массара а?

-Х1унда аьлла царех билгалдешнаш?Муха ду церан хаттарш?

-Терахьашца а,дожаршца а хийцалой билгалдешнаш?-Легаде йоккха к1удал,яккхий к1удалш боху дешнийн цхьаьнакхетарш классан уьна а, тетрадаш т1ехь а.

-Х1ун гойту х1окху билгалдешнаша:ц1еран серло,арахьара стаг,аьхкенан денош,дашо сахьт, мерза кхор.

9.Дешархошка йоьшуьйту 1-ра §,ца кхетачух кхета а беш.

V.1амийнарг тё1еч1аг1дар.

1.Кхочушдо 27-г1а шардар.

2.Кхочушдо28-г1а шардар.

VΙ.Рефлекси.

-Стенах олу билгалдош?

-Муха кхета шу билгалдашах?

-Муьлхачу къамелан декъаца уьйр хуьлу?

VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.1амае 1-ра §

2.Кхочушде 29-г1а шардар.

Г1ий урокаш.

Наши рекомендации