Урокан ц1е:Нунуев С-Хь.«Хьайбаха»

1алашо:Авторан дахар а, кхолларалла а, довзийтар.

Произведенин чулацам бовзийтар.

Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

Дешархошка поэми чулацам схьабуьйцуьту.

ΙΙΙ.1амийнарг карладоккху.

-Муьлха произведенеш 1амийна вай?(«Эвтархойн Ахьмадан илли»,«Таймин Бийболатан илли»,«Наьрт-Эрстхойн паччахь Наураз»,«Ницкъ болу Солса»,«Нийса кхел» иштта д1а кхи.

-Муьлха дийцарш девза шуна?

-Муьлха автораш бевза шуна?

ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

1.Нунуев С-Хьамзат вина 1952-чу шарахь генарчу Казахстанехь.Голубиновка олучу жимачу юьртахь.Шен дай баьхначу махка ц1а вирзинчул т1аьхьа дешна цо Мархат1ерчу юккъерчу школехь. Школехь доьшуш волуш дуьйна а билгалваьллера хинволу яздархо исбаьхьаллин литературе шовкъ йолуш хиларна.Нохч-Г1алг1айн уневерситетехь доьшуш волуш кхин а алсам белира Сайд-Хьамзат цуьнга болу безам.

2.Вайн халкъ махках даккхар,халкъ хьийзор бехк боцуш ду кху т1ехь дуьйцург.Жима а,воккха а,къена а,къона а вара аравоккхуш. Къинхетам цхьаннах а ца бора.Божарий маьждиге д1агулбира ткъа зударий бераш цхьана йоккхачу чоь чу а боьхкина мацалла,хьогалла шелонна а леш бара.1аьнан уггаре а шийла бутт бара вайн халкъ махках доккхуш.Вайн къомах болу нах бара царна юккъехь шайн къам хьийзош.Чубоьхкинарш багийра арабовламеттиг яцара.Салтичо ма багабе аьлча иза а тоьхна вийра.Шайна дуьхьал мел ваьлларг а воьра мостаг1аша.Вайн къам бехк боцуш махках а, даьккхинамаситта шарахь хьийзира.

V.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Дешархошка яххьашца ешийтар.

2.Хаттарш ло дешархошка:

-Дийцар т1ехь юьйцург х1ун хан ю?

-Х1ун хаьа шуна цунах лаьцна?

-Х1ун тайпа халонаш лайна вай наха?

-Массо а боьрша стаг х1ун аьлла д1агулвира юьртан маьждиге?

-Нохчийн къам махках даккхаран бахьана муха дийцира эпсаро?

VΙ.Словарни болх.

Китель-йовха бедар

Ц1ерпошт-поезд

Оьмар –век

VΙΙ.Урокан жам1 дар.

-Вай урокан ц1е х1ун ю?

-Муьлха автор ву вай тахана 1амийнарг?

-Цуьнан муьлха произведени ю вай тахана 1амош?

-Муьлха хан ю цу т1ехь юьйцург?

Ком-ть еш оценкаш д1ах1иттайо.

VΙΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.82-91-г1ий аг1онаш.

2.Хаттарш а,т1едахкарш а.

Г1а урок

Урокан ц1е:Изложени.«Хьайбаха».

1алашо:Дозуш долу къамел кхиор.Изложенин чулацам буьззина д1аяздар 1амадар.

Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Изложенин кечам бар.

1)Шина-кхаа дешархочуьнга чулацам схьабуьйцуьйту.Вовше хаттарш ло.Чулацам нийса буьйций вовше толлу.

2)Хьехархочо хаттарш даларца,бераша текстаца болх бо.

Хаттарш:

--Масалг1а ш оду вайн халкъ махкара арадаьккхинарг?

-Бисинарш муьлхачу юьрта схьагулбина эпсарша?

-Божарий стенга гулбира , ткъа зударий бераш?

-Божлий чу боьхкинчул т1аьхьа х1ун дан омра дира?

-Кхочуш дирий и омра?

-Мила вара дуьхьал и кхочуш ца дан?

-Х1унда багош бара уьш?Х1ун бахьана дара, бехке барий нохчий?

-Багийначул т1аьхьа г1о даьккхинчу шина эпсарна х1ун дира?

-Маса адам х1аллак дира Хьайбаха олучу юьртахь?Муха хилира церан кхалхар?

ΙΙΙ.Дешархоша д1аязйо изложени.

Предложенеш хьехархочо нисйо,г1алаташ а нисдо.

ΙV.Язйина изложени тетрадаш т1е д1аязйо.

V.Жам1 дар.

-Шина дешархочуьнга йоьшуьйту изложени.

VΙ.Ц1ахь бан болх.

1.Болх чекхбаккха.

2.карладаккхар 1амийнарг.

Г1а урок

Урокан ц1е:Ахматова Р.С.«Ма хала ду цунах кхета.»

1алашо:1алашо:Авторан дахар а, кхолларалла а, довзийтар.

Стихотворенин чулацам бовзийтар.

Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.1амийнарг карладаккхар.

Дешархошна изложенин даьккхина оценкаш довзийтар, уьш коментировать а еш.

ΙΙΙ.Керла коьчал йовзийтар.

1)Хьехархочун дош.

Раиса Солтомурадовна Ахматова йина 1928-чу шеран 20 декабрехь Грозный-г1алахь,къинхьегамхочун доьзалехь.Дахаро шена хьалха х1оттийначу хазачу дуьненах лаьцна стихаш язъян йолало Раиса Грозненски педагогически училищехь ша доьшучу хенахь.Раиса дика евзаш ю вайн махкахь а,дозанал арахьа а.Атта ца хилла цуьнан дахаран некъ.Диъ шо кхаьчначу хенахь берийн ц1ийне д1аелла иза.

Хьехархойн училище чекхъяккхинчул т1аьхьа,1946-1956-чу шерашкахь, иза хьехархочун болх бо.

Поэтессин«Хьоме республика»ц1е йолу дуьххарлера гулар зорбане йолу 1958-чу шарахь.

Ахматован кхоллараллехь йоккха меттиг д1алоцуш ю вайнехан зударийн дахаррий,ойланашший,сатийсамашший гайтаран тема.Иза нохчийн зударех дуьххьара яра зударшна-ламанхошна орцахъяьллачех.Цуьнан кхоллараллехь йоккха меттиг д1алоцу лирико; иштта шуьйра чулацам бу цуьнан стихаший,поэмаший.

2). .«Ма хала ду цунах кхета.» ц1е стихотворенехь авторо шен махке,цуьнан исбаьхьачу 1аламе болу бакъ безам гойту .Иштта поэтессин айме дог-ойла а,аьхна синхаамаш а стихотворенехь гойту башхалла.

ΙV.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Дешархошка яххьашца ешийтар.

2.Хаттарш ло дешархошка:

-Х1ун хаьа хьуна поэтессин Ахматова Раисин кхоллараллин дахарх лаьцна?

-Цуьнан кхоллараллин коьрта теманаш муьлхарниш ю?

-Лаьмнех лаьцна х1ун ойла ю поэтессин,стенах йоккхае иза?

-Шуна муха хета, х1унда ду сел хьоме а, герга а поэтессина лаьмнаш?

V.Урокан жам1 дар.

-Вай урокан ц1е х1ун ю?

-Муьлха автор ву вай тахана 1амийнарг?

-Цуьнан муьлха произведени ю вай тахана 1амош?

-Х1ун ю цу т1ехь юьйцург?

Ком-ть еш оценкаш д1ах1иттайо.

VΙ.Ц1ахь бан болх.

1.96-97-г1ий аг1онаш.

2.стихотворени дагахь 1амо.

Г1ий урокаш.

Урокан ц1е:Саракаев Хьамзатан дахар а, кхолларалла а.

1алашо:Авторан дахар а, кхолларалла а довзийтар.

Произведенин чулацам бовзийтар.

Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

Дешархошка стихотворени схьаюьйцуьту.

ΙΙΙ.1амийнарг карладоккху.

-Муьлха произведенеш 1амийна вай?(«Эвтархойн Ахьмадан илли»,«Таймин Бийболатан илли»,«Наьрт-Эрстхойн паччахь Наураз»,«Ницкъ болу Солса»,«Нийса кхел» иштта д1а кхи.

-Муьлха дийцарш девза шуна?

-Муьлха произведенеш язйина Нунуевс?

-Муьлха произведенеш язйина Айдамировс?

ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

1.Саракаев Хьамзат вина 1927-чу шарахь Соьлжа-г1алахь.Вайн халкъ махках доккхухчу хенахь цо диинаЧимхентехь юккъерчу школехь, ц1ардирзинчу т1аьхьа чекх-на Нохчийн –Г1алг1айн хьехархойн институтехь.
Исбаьхьаллин литературехь г1улчаш еха волавелла шен 12 шо долуш,дуьххьарлерачу стихотворенина зорба тоьхна 1939-чу шарахь.

Саракаев Хь. ерриге а бохург санна произведенеш берашна лерина ю.Цунна дина девза берийн дахар а, амалш а.Царна юкъахь ю:«Шира г1ап»,«Эдалханан доттаг1ий»,«Толамах тешарца»,ц1ераш йолу произведенеш.

2.«Ирсе б1аьрхиш» дийцар вовшах къаьстинчу ненах к1антах.Жима волуш ненах къаьстина берийн ц1ийнахь кхиъна.Дешна а ваьлла юрта балха хьажийна и болх бан.Новкъахь некъхьовзам а хилла бердах чувоьдучу хенахь.Докка цхьана зудчо бухка а кхоьссина хьалаваьккхира.И Зулпаа шайга д1авигира.К1антана ч1ог1а хаза хийтира х1аваъ а, лаьмнаш а,хаза 1алам а.Дукха хан ялале хиира цунна и шен Докка вуйла.Жима йиша а яра цуьнан.Ирсе яра нана шен к1ант карийна.Доккина шен шина а, нана а,ша вина юьрт а какрийра кхин а ирсе вара иза.

VΙ.Словарни болх.

Бухка-ремень,

Башлам-снежная вершина горы.

V.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Дешархошка яххьашца ешийтар.

2.Хаттарш ло дешархошка:

-Докка хьан к1елхьара ваьккхира?

-Муха вовшах кхийтира наний,к1анттий?

-Довзар муха хилира цаьршинна?

-Х1ун маь1на ду цуьнан ?

VΙΙ.Урокан жам1 дар.

-Вай урокан ц1е х1ун ю?Муьлха автор ву вай тахана 1амийнарг?

-Цуьнан муьлха произведени ю вай тахана 1амош?

-«Ирсе б1аьрхиш» х1унда аьлла?

Ком-ть еш оценкаш д1ах1иттайо.

VΙΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.98-102-г1ий аг1онаш. Дийцар дешар,схьадийцар.

2.Хаттарш а, т1едахкарш а.

Г1а урок.

Урокан ц1е:Саракаев Хь.«Ирсе б1аьрхиш.»

1алашо:Авторан дахарах а,кхоллараллах а 1амийнарг карладаккхар..

Произведенин чулацам бовзийтар.

Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

1.Дешархошка Саракаев Хь.биографи схьаюьйцуьту.

2.Дешархоша хьалхара дакъа произведенин чулацам схьабуьйцу.

ΙΙΙ.1амийнарг карладоккху.

-Муьлха иллеш 1амийна вай?

-Муьлха произведени 1амийна Гайсултанов 1умари?

-Хьан яздина«Лоьмий, цхьогаллий» ц1е йолу басни?

-Муьлха стихотворени 1амийна вай Раиса Ахматови?

ΙV.Коьчал йовзийтар.

Хьехархочун дош:

Шолаг1чу дакъа т1ехь дуьйцу цу к1антана хан яьлла йолу зудчо метта валавар а, цунна г1о дар а.Иштта цу зудчо шайга д1авуьгучу хенахь цаьршинна вовшех къамел дечу хенахь цаьршинна уьйр тасаялар го вайна.Цу зудчунна даго хьехар и шен вайна к1ант хилар дуьйцу.Ткъа шо хан яьллехь цу к1антана а, нанна а билгалонашца вовше довзар.

Цу хазчу кхаанах йишин,ненан,к1ентан б1аьргех охьаоьху дуьра,амма ирсе б1аьрхиш дуьйцу.

VΙ.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Дешархошка рог1ехь ешийтар.

2.Хаттарш ло дешархошка:

-Зулпаъ дика йо1 а,г1уллакх дарна т1ера хилар а стен гойту?

-Ахьъяд шен к1ант вуй муха хиира и к1елхьараваьккхинчу зудчунна?

-Нохчийн къоман амалшца дог1у муьлха г1иллакх лецира зудчо Ахьъядаца?

-Ахьъядана шен нана йовзийтинарг х1ун билгало яра?

-Дийцаран коьрта маь1на муха ду?

VΙΙ.Урокан жам1 дар.

-Вай урокан ц1е х1ун ю?

-Муьлха автор ву вай тахана 1амийнарг?

-Хаза дийцар дарий и?

-Х1ун хазахийтира шуна кху произведенехь?

-«Ирсе б1аьрхиш» х1унда аьлла?

Ком-ть еш оценкаш д1ах1иттайо.

VΙΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.102-107-г1ий аг1онаш. Дийцар дешар,схьадийцар.

2.Хаттарш а, т1едахкарш а.

Г1ий урокаш.

Урокан ц1е:Курумова С.«Дохк.»

1алашо:Авторан дахар а, кхолларалла а довзийтар.

Произведенин чулацам бовзийтар.

Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

1.Дешархошка Саракаев Хь.биографи схьаюьйцуьту.

2. «Ирсе б1аьрхиш» дийцар схьадийцита.

ΙΙΙ.1амийнарг карладоккху.

1.Муьлха яздархой 1амийна вай?

2. Стенах олу фольклор?

3.Муьлха жанраш евза шуна?

4.Нунуев Хь. 1амийна муьлха произведени 1амийна вай?

5.1.Мамакаевс муьлха произведенеш язйина дукхахьолахь?

6. «Ирсе б1аьрхиш» хьан яздина и ц1е х1унда аьлла?

ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

Хьехархочун дош:

1)Курумова Селима йина 1914- чу шарахь.1930 шарахь Соьлжа-г1алахь школа чекхйоккху цо.1931-1934 шарахь автодорожни техникумехь доьшу, цул т1аьхьа грозненски маьхкдаьттан институтехь(1937ш. Москварчумаьхкдаьттан институте дехьайоккху).Селими да Муса аьтто болчу нахах схьаваьлла стаг ву.Цуьнан нан Медни-Нохчийчохь массарна а вевзаш волчу Чермоев Орци йо1 хилла.

Дуьххьара дийцарш «Орга»-альманахан аг1онаш т1ехь зорбане девлла яздархочун.1966 шарахь «Дохк» ц1е йолу прозера книга араелира цуьнан.Цу юккъара произведенеш шатайпа къеггина исбаьххьаллин хат1 долуш говзачу маттаца язйина яра.

2)Повестан лаьцна дуьйцу яздархочо Ахмадов Мусас Курумова «Дохк» повесть араяьлча тхан жимчу ламанан юрт (Лаха-Варандахь) адамашка,къаьсттина кегирхошка карзахалла йоьссинера.Санаьтто хилира и повесть х1етахь еша суна дагахь диснарг Зоврин,Забиратан безаман ц1аналла а,и безамх1аллакъхиларна дагна хилла вас а.

Х1окху повесто гойту Курумова ойланаш,нохчийн матта т1ехь дукха а беркате къахьоьгуш адамийн амалш,церан юкъаметтиг дегни хазалла хилар.Боккха дагахь балам буи за кхоллараллехь дукха къахьега кхиъна ца хилар.Цо язйина произведенеш еша аьтто бац дешархойн.Цуьнан т1аьххьарлера книга араяьлла 30 шо сов зама яьлла.Вайн декхар ду аьлла хета суна Курумова Селимин массо произведени схьа а гулйина арахецар.

V.Словарни болх.

Тача-(кхузахь)некъ боккху,

Латкъам –(кх)дуьхьало йо.

Турпала-(кх)уггаре а даккхийра бердаш.

V.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Дешархошка яххьашца ешийтар.

2.Хаттарш ло дешархошка:

VΙΙ.Урокан жам1 дар.

-Вай урокан ц1е х1ун ю?Муьлха автор ву вай тахана 1амийнарг?

-Цуьнан муьлха произведени ю вай тахана 1амош?

Ком-ть еш оценкаш д1ах1иттайо.

VΙΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.108-112-г1ий аг1онаш.

2.произведенин чулацам схьабийцар.

Г1а урок

Урокан ц1е:Классал арахьара дешар.Гайсултанов 1.«Кхо стуй,борззий.» Басня.

1алашо:Авторан дахар а, кхолларалла а довзийтар.

Произведенин чулацам бовзийтар.

Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

1.Дешархошка барта чулацам схьаюьйцуьйту произведени «ДОХК».

2.Хаттаршца болх бо.

-Муха гайтина яздархочо 1алам, лам,Орга,хи,шовданаш,аренаш,хьун?

-Х1ун тайпа дитташ а,акхарой а ду боху яздархочохьуьнхахь?

-Шеран муьлха хан ю кийсак т1ехь гайтинарг?

-Коьллаша а,дитташа а хьулдина лаьтта ардаш хьан дендина?

-Дийца хё1ун г1о до цара 1аламан поэтически васт х1отторехь.

ΙΙΙ.Керла коьчал йовзийтар.

1.Гайсултанов 1умар вина 1920-чу шарахь Шелахь.Цо жима волуш дукха ладег1на шен денанас дуьйцучу туьйранашка.Себибата кхоьллина боху цо шен литературе болу безам.Гайсултанов 1умар берийн яздархо лору,х1унда аьлча, цо берашна дукха а,хаза произведенеш язйина.Баккхичарна а язйина 1умара повесть «Болат –г1ала йожор»;«Малика» и д1.кх.

2.«Кхо стуй,борззий» басни т1ехь 1умара гойту сутаралла,ца 1абар,шена дика хилчахьана магар, кхин болчарна вон хилча а баснеш гойттур гайтина 1умара бакъдерг

Барзо дечу шабаршна даима цхьана лелаш хилла болу кхо сту цкъа к1айниг,ц1ениг,сираниг барзо бийра.Ямартло а,тешнабехк бу кху т1ехь гойтург.Зулам а дина, барт а бохийна барзо кхаа стуьна.Ткъа барзана даа жижиг а хилла къахьегар а доцуш.

ΙV.Словарни болх.

Чарх-яах1ума.

Айкхбуьйлу-мотт бетта

V.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Дешархошка яххьашца ешийтар.

Дуьххьара шера а, дика а йоьшуьйту дешархошка, т1аккха ледара йоьшучу дешархошка йоьшуьйту.

2.Хаттаршна жоьпаш далийтар.

VΙ.Урокан жам1 дар.

-Вай урокан ц1е х1ун ю?Муьлха автор ву вай тахана 1амийнарг?

-Цо язйина муьлха басни ю вай тахана 1амош?

-Муьлха адамийн амалш ю цу басни юккъехь?

Ком-ть еш оценкаш д1ах1иттайо.

VΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.басни шера ешар.

2.чулацам схьабийцар.

Г1а урок

Урокан ц1е:Сулаев М.«К1анте.»

1алашо:Авторан дахар а, кхолларалла а довзийтар.

Произведенин чулацам бовзийтар.

Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

1.Дешархошка ц1ахь 1амийна басня схьаюьйцу цуьнан коьрта маь1на а дуьйцуш.

ΙΙΙ.Керла коьчал йовзийтар.

1.Сулаев Мохьмад вина 1920-чу шарахь Г1ойт1ахь.Деша ваххалц йолу хан цигахь яьккхина цо.

1928-чу шарахь шен деца-ненаца Соьлжа-г1ала кхелхина.Школехь дешначул т1аьхьа Баку-г1ала деша вахана.Цигахь рабфак кхиамца чекх а яьккхина,циггахь лоьрийн ша доьшуш волуш язйина цо дуьххьарлера стихотворени.Дешна ваьлла ц1а вирзинчул т1аьхьа дуьйна лоьран а,поэтан а сийлахь г1уллакхаш деш схьавеара иза.

Зорба тухуш аравелира цуьнан произведенеш дуьххьара 1939-чу шарахь. Дукха произведенеш язйина Сулаевс.«Малх тоьлур бу»,«Даймехкан з1аьнарш»,«Безаман эшарш»,«Товсолта ломара д1авоьду»,«Лаьмнаша ца дицдо»ц1е йолу романаш.

Кхечу къамнашна евзара цуьнан произведенеш.Сулаев гочдархо вара.

Сулаев м. ерриге а кхолларалло ч1аг1дийра адамашна болчу безаман ц1арах вогучу поэтан васт ду:

Хилийта со даим вогуш:

Вогуш бен ваха тарлац!

Хилийта дог ц1арца догуш:

Ц1арца бен серло хилац!

2.«К1анте»стихотворени т1ехь весет ду цо шен к1анте дина.Адамашца муха хила веза :г1иллакха лелор,осала цахилар, тешнабехках ларло,нахана ямарт ма хила , накъосташца даима хила хьанал,адамера г1алаташ ма лехьде,уггар коьртаниг собар ду и шен стихотворенехь Сулаевс иштта аьлла:

Собар дуй хаалахь оьзданин г1ортор,

Делахь а, товш хилац цхьавериг гуш

Кхечеран хьаштана деш собар шорта,

Шен долчу хьаштана и ца тоьуш.

ΙV.Словарни болх.

Д1ахьо ца кхеташ долу дешнаш уьн т1е д1аяздо:

Тешнабехк-предательство,измена,вероломство

Ямартло-коварство,нечестность.

Г1иллакх-приличие,любезность.

V.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1. Дешархошка стихотворени ешийтар.

Дуьххьара шера а, дика а йоьшуьйту дешархошка, т1аккха ледара йоьшучу дешархошка йоьшуьйту.

2. Дешархошка шаьш ма кхеттара схьаюьйцуьйту стихотворени.

VΙ.Хаттарш а луш д1ахьо болх.

-К1ант нахаца муха хила веза боху поэта «К1анте» ц1е йолчу шен стихотворени т1ехь?

-Къонахчун сий муха д1акхехьа деза х1ораммо а?

-Накъосташца муха хила веза к1ант?

-Оьздангаллин г1ортарш муьлхарший ю бохуш ч1аг1до поэта?

-Тешнабехк,ямартло хьенан герз ду?

VΙΙ.Урокан жам1 дар.

-«К1анте» стихотворенехь х1ун аьлла шен к1анте цо,х1ун хьехар дина цо?

-Сулаев М. маца вина?

-Доттаг1ашца муха хила веза?

VΙΙΙ.Ц1ахь бан болх.

(аг1о110-112)стихотворени дагахь 1амо.

Г1ий урокаш

Урокан ц1е:Саидов Б.С.«Йиша т1емало.»

1алашо:Авторан дахар а, кхолларалла а довзийтар.

Произведенин чулацам бовзийтар.

Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

1.Дешархошка ц1ахь 1амийна стихотворени дагахь схьаюьйцуьту.

2.Хаттарш ло дешархошна:

-К1ант нахаца муха хила веза боху поэта «К1анте» ц1е йолчу шен стихотворени т1ехь?

-Къонахчун сий муха д1акхехьа деза х1ораммо а?

-Накъосташца муха хила веза к1ант?

-Оьздангаллин г1ортарш муьлхарший ю бохуш ч1аг1до поэта?

-Тешнабехк,ямартло хьенан герз ду?

ΙΙΙ.Керла коьчал йовзийтар.

1.Саидов Билал Саидович вина 1914-чу шарахь Ведана районерчу Махкат1е ц1е йолучу юьртахь.

Яздан волавелла 1938-чу шарахь.Кхоллараллин хьалхара г1улчаш драматургехь яьхна Билала.Цуьнан пьеса «Зайнап» кхиамца х1оттийра нохчийн театрехь.

Драматургица театраца уьйр цкъа а ца хадийнехь а,шуьйрачу ешархочунна поэт санна вевза Саидов Билал «Дуьнена машар»,«Деган аз»,«Хаьржинарш» стихийн гуларш,«Майра к1ант Сулима» ц1е йолу стихотворенехь туьйра,ерриг ейтта сов поэзин,прозин книга арахецна цо.

Нохчин матте гочйина Лермантовн М.«Вайн заманан турпалхо» роман,Ларка Г,Гемарх Э,Чехов А,Мольер Ж,Тренер Х,кхечеран пьесаш.

Яздархо поэт, драматург,волчу Саидов Б.Хьакъ йолу меттиг д11алоцу нохчийн исбаьхьаллин литературехь.

2.Поэмехь поэта турпалхочун г1уллакхеххий, цо дакъалоцучу хиламеххий,цуьнан дега1ийжамехь лаьцна дьйцучунна юкъадаладо шена хетарг: гойту шен цаьрца йолу юкъаметтиг,шен синхаамаш.Иза вайна дика го поэма йоьшуш.

«Б1е дийнан»т1амехь нохчийн оьздачу йо1а Арсанова Пет1амата шен халкъ парг1атдаккхарехьа латтийначу къийсамехь лаьцна дуьйцуш ю и поэма.Амма цу т1ехь гойтучу хиламашна ша юьстах ца лаьтташ, турпалхочо лелориг къобалдеш,поэта кест-кеста ша юкъавалаво,шена хетарг а,шен доглазар а гойтуш.

Масала:

Цу дийнан сурт хьалхах1уьтту,

Хьан васт б1аьрга хьалха долу,
Хьан дог 1овжош кхетта д1аьндарг

Сан дагара ца йолу…

Арсанова Пет1аматах лаьцна язйинчу«Йиша т1емало» ц1е йолчу поэми т1ехь цо халкъан вастаца х1оттадо зуда-турпалхочун васт.

ΙV.Словарни болх.

Детта-дукъделла.

Рег1ан-лекха боцучу ломан басе.

Лазам-бала,бохам.

Дердуьллучохь-алссам х1аллкъхуьлучохь.

V.1амийнарг т1еч1аг1дар.

Дешархошка поэма ешийтар.

Дуьххьара шера а, дика а йоьшуьйту дешархошка.

Дешархошка шаьш ма кхеттара схьаюьйцуьйтупоэма.

VΙ.Хаттарш а луш д1ахьо болх.

-«Йиша т1емало» ц1е йолчу поэми т1ехь юьйцург мила ю?

-Муьлха хан ю поэми т1ехь юьйцург?

-Муха хета шуна,х1унда тиллина поэта шен поэмина «Йиша т1емало» аьлла ц1е?

-Авторан турпалхочух дог лозуш хилар стен гойту?

VΙΙ.Урокан жам1 дар.

-Вай урокан ц1е х1ун ю?Муьлха автор ву вай тахана 1амийнарг?

-Цо язйина муьлха поэма ю вай тахана 1амош?

-Муьлха амалш ю авторо гойтуш ерг йиши-турпалхочун?

Ком-ть еш оценкаш д1ах1иттайо.

VΙΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.аг1о113-121 еша.

2.аг1о113-121 чулацам схьабийца.

Г1ий урокаш

Урокан ц1е:Ошаев Халид.«Чайра.»

1алашо:Авторан дахар а, кхолларалла а довзийтар.

Произведенин чулацам бовзийтар.

Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

-«Йиша т1емало» ц1е йолчу поэми т1ехь юьйцург мила ю?

-Муьлха хан ю поэми т1ехь юьйцург?

-Муха хета шуна,х1унда тиллина поэта шен поэмина «Йиша т1емало» аьлла ц1е?

-Авторан турпалхочух дог лозуш хилар стен гойту?

ΙΙΙ.Керла коьчал йовзийтар.

1.Говаьлла нохчийн яздархо ОшаевХалид вина 1898-чу шарахь Атаг1а юххехь Шуьйта боьдучу некъан аьтту аг1ор хиллачу Воздвиженски слободахь Чахкара –г1алахь-хьуьнхочун доьзаллехь.Халидан да Дуда а,нана Небиет

Хьешадена ч1ог1а т1ера дара.Говзачу дийцархошка ладоьг1уш,дуккха а туьйранаш а,халкъан дийцарш а 1амийра Халида.1916-чу шарахь Соьлжа-г1алахь реальни училище чекхъяккхинчул т1аьхьа Петрограде хьуьнан институте деша воьду иза.1918-чу шарахь дуьйна дакъалаьцна революцин къийсамашкахь,граждански т1амехь.Ошаевн яздархочуьн некъ д1аболабелла 20-чу шерашкахь очеркаш,фельетонаш,дийцарш яздарца.Дуьххьарлера цо язйина «Дайн 1адат» ц1е йолу пьеса г1ир эцаран 1адат г1арадоккхуш ю.Цу хенахь дуьйна цо язйина дуккха а исбаьхьаллин произведенеш . Царах коьрта лара мегар ду пьесаш«Асланбек Шерипов»,«Ахьмар-Хьаьжа»,«Сайн декхар лору»,«Цхьана буйнахь ши хорбаз»; повесташ «Вендетта»,«Брест ц1еран б1ар», Ханпаша Нурадиловх лаьцна очерк а.Къаьсттина меттиг д1алоцу Ошаев Халидан кхоллараллехь «Алун шераш» роман-эпопеяс.Хала бара Ошаев Халидан дахаран некъ.1977-чу шарахь хедира дахаран некъ.

2. Стеган дахарехь Даймохк уггаре сийлахь а, беза кхерч хиларх лаьцна ду цуьнан«Чайра» ц1е йолу дийцар.Доккхачу стага шен к1анте дехар а дина вахийтина шен махка.Ц1а вог1уш,шен дас ма –дийццара карийра ша вина мохк.Шен ден дехарца ц1а вог1уш ву Мохьмад.Ц1а кхача сиха вара Мохьмад,делахь а ,новкъахь ша жима волуш хилларг дага адог1ий,ойланашка волий 1ара Мохьмад.Шен эвла йохийна,ц1енош тиша карийра цунна.Эвла д1акхочуш ж1аьлеш леташ хийра цунна шайн эвлахь 1аш нах буй.Доккха ж1аьла къаьстина ч1ог1а леташ дуьхьал делира.Мохьмадана шайн Чайра девзира.Чайра-аьлла шега кхайкхича летачуьра саца а сецна,хьесталуш т1едеара иза Мохьмадана .Хазахетта хьийзара ший а.И дийна карийна цец а ваьлла, лерина цуьнга хьоьжура и.

И шеца Казахстане д1адига хьаьжира Мохьмад,ж1аьла ца дахара,Уьш шайн махка ц1а бирзинчул т1аьхьа а дийна дара, и карийна къена,Дадуна ч1ог1а хаза а хеттера.Шайнна х1усам а йина шайн эвла баха охьахевшира уьш.

ΙV.Словарни болх.

Стешна-диттийн тайпа

Ч1отаре-к1орга басе,готта 1ин.

Пхьпг1ато-шина бердана юкъ

Тачанохула-некъан пар

Саьккал-иттех ц1а

Боьра-1ин

Аса-узкая полоса

Чаккхарма-алсам меттиг

Оьшар-век

Четар-палатка

Чхерий-бут,бутить,забутить.

Г1ундалг1еш-черная бузина

V.1амийнарг т1еч1аг1дар.

Дешархошка поэма ешийтар.

Дуьххьара шера а, дика а йоьшуьйту дешархошка.

Дешархошка шаьш ма кхеттара схьаюьйцуьйту поэма.

VΙ.Хаттарш а луш д1ахьо болх.

-Х1ун хийцамаш бу дийцар т1ехь буьйцурш, муьлш бу цуьнан коьрта турпалхой?

-Д1агинчу меттигашка кхачо сатесна х1унда вара Мохьмад?

-Шен лаам муха кхочушбира цо?

-Муха гайтина дийцарехь Мохьмадан дай баьхкачу лаьтте,винчу махке болу безам?

-Шайн эвла кхаьчча х1ун дог ойла хилира Мохьмада?

-Шен махка кхаьчча дийна ж1аьла гича муха хийтира Мохьмадана?

VΙΙ.Урокан жам1 дар.

-Вай урокан ц1е х1ун ю?Муьлха автор ву вай тахана 1амийнарг?

-Цо язйина муьлха дийцар вай тахана 1амийна?

-Муьлха амалш ю авторо гойтуш ерг?

Ком-ть еш оценкаш д1ах1иттайо.

VΙΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.аг1о124-130 еша.

2.Чулацам схьабийцитар.

Г1а урок.

Урокан ц1е:Ошаев Х.«Чайра.»

1алашо:Авторан дахарах а,кхоллараллах а 1амийнарг карладаккхар..

Произведенин чулацам бовзийтар.

Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

1.Дешархошка Ошаев Х.биографи схьаюьйцуьту.

2.Дешархоша хьалхара дакъа произведенин чулацам схьабуьйцу.

ΙΙΙ.1амийнарг карладоккху.

-Муьлха иллеш 1амийна вай?

-Муьлха произведени 1амийна Гайсултанов 1умари?

-Хьан яздина«Лоьмий, цхьогаллий» ц1е йолу басни?

-Муьлха стихотворени 1амийна вай Раиса Ахматови?

-Сатуев Хь. баснеш муха хета шуна?Церан амалш адамийчух тера юй?

-«Йиша т1емало» ц1е йолчу поэми т1ехь юьйцург мила ю?

-Сулаев М. маца вина?

ΙV.Коьчал йовзийтар.

Хьехархочун дош:

Поэми т1ехь бё1е дийнан т1амах лаьцна дийцар ду.Поэмин коьрта турпалхо а, цуьнан г1иллакх а ,Пет1аматан жима йолу хан а, цуьана ойланаш ю цу поэми т1ехь юьйцург.Турпалхочун майра дог-ойла а,цуьнан Даймахке болу безам а,т1еман хьелашкахь йо1а гайтина майралла а,къонахалла агойту поэми т1ехь.Иштта Пет1амата дина долу весет дахарехь кхочушхилар.Произведенин халкъан барт кхоллараллица йоул уьйр,1аламан суьртийн маь1на дуьйцу.

V.1амийнарг т1еч1аг1дар.

Дешархошка поэма ешийтар.

Дуьххьара шера а, дика а йоьшуьйту дешархошка.

Дешархошка шаьш ма кхеттара схьаюьйцуьйту поэма.

VΙ.Хаттарш а луш д1ахьо болх.

-Х1ун хийцамаш бу дийцар т1ехь буьйцурш, муьлш бу цуьнан коьрта турпалхой?

-Д1агинчу меттигашка кхачо сатесна х1унда вара Мохьмад?

-Шен лаам муха кхочушбира цо?

-Муха гайтина дийцарехь Мохьмадан дай баьхкачу лаьтте,винчу махке болу безам?

-Шайн эвла кхаьчча х1ун дог ойла хилира Мохьмада?

-Шен махка кхаьчча дийна ж1аьла гича муха хийтира Мохьмадана?

VΙΙ.Урокан жам1 дар.

-Вай урокан ц1е х1ун ю?Муьлха автор ву вай тахана 1амийнарг?

-Цо язйина муьлха дийцар вай тахана 1амийна?

-Муьлха амалш ю авторо гойтуш ерг?

Ком-ть еш оценкаш д1ах1иттайо.

VΙΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.аг1о130-136 чулацам схьабийца.

2.Чулацам схьабийцар.

Г1а урок.

Урокан ц1е:Муталибов З.«Х1аллакъхиллачу динах лаьцна илли .»

1алашо:Авторан дахар а, кхолларалла а довзийтар.

Иллин чулацам бовзийтар.

Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

Х1ун хийцамаш бу дийцар т1ехь буьйцурш, муьлш бу цуьнан коьрта турпалхой?

-Д1агинчу меттигашка кхачо сатесна х1унда вара Мохьмад?

-Шен лаам муха кхочушбира цо?

-Муха гайтина дийцарехь Мохьмадан дай баьхкачу лаьтте,винчу махке болу безам?

-Шайн эвла кхаьчча х1ун дог ойла хилира Мохьмада?

-Шен махка кхаьчча дийна ж1аьла гича муха хийтира Мохьмадана?

ΙΙΙ.Нийсаниг харжа.

Ι.Гайсултанов 1умар стенгахь вина?

1)Шелалахь 2)веданахь 3)Соьлжа-г1алахь

ΙΙ.Басня «Ломмий цхьогаллий» хьа язйина?

1)Сатуев Хьусайн Д. 2)Арсанукаев Шайхи А.3)Рашидов Шах1ид Р.

ΙΙΙ.Дахаран шераш Айдамиров Абузаран а.

1)1933-20052)1939-1995(сатуев хьусайн) 3)1898-1977(ошаев халид)

ΙV.Ошаев Халидас ца язйина пьеса?

1)«Йиша-т1емало»(поэма Саидов Билал Саидович)2)«Асланбек Шерипов» 3)«Сайн декхар лору»

VДахаран шераш Ахматова Раиси Салтамурадовни.

1)1928-1992 2)1914-1994(саидов билал)3)1898-1977(ошаев халид)

ΙV.Керла коьчал йовзийтар.

Зайнди Муталибов вина 1922-чу шарахь 15-чу сентябрехь къехочун доьзалехь,хиволчу поэтана юьртахь дукха хезара х1етахь халкъан иллеш,эшарш,назманаш.

1941-чу шарахь дуьххьара зорбатуьйхира Муталибовс язйинчу стихотворенина.Х1етахь дуьйна цо дуккха стихаш,дийцарш,повесташ,очеркаш арахийцира.

1958-чу шарера 1978-чу шаре кхаччалц зорбанера араевлла цуьнан гулларш.Стихийн сборникаш:«Даггара», «Б1аьхочун весет»,«Со хьан к1ант ву».

Муталибов Зайнди-поэт-т1емало ву.Цо шен белхаш т1ехь лайна т1еман халонаш,Толаман де т1екхаччалц мостаг1чух майра летта нохчийн тешаме к1ант.

2.«Х1аллакъхиллачу динах лаьцна илли».

И произведени язйина поэта шех а, шен динах а лаьцна,Шен дин т1емалочунна шен нийса накъост хета, дукха а беза цунна шен дин.

Поэта дуьйцу цо ша хийла вадийна мостаг1чух лелор, хина къурдаш цхьатерра бекъар.

Хьанала йоькъура цо бепиган якъаелла цуьрг шен динна ца кхоош екъар а гойту и шиъ ши доттаг1а хилийла.

И произведени мехала ю цо истори а, вайн къонахийн доьналла а, яхь а гойту.Шен произведенехь дукха мехала гайтина цо истарически сурт, дин безар и шен доттаг1 санна лелор.

V.Словарни болх.

Шпораш-штык,копье

Б1аьхо-воин,солдат

Чевнаш-рана

Дошло-всадник

VΙ.Дешархошка яххьашца ешийтар.

VΙΙ.1амийнарг т1еч1аг1дар.

-муха хета поэтана шен дин?

-Т1амехь х1ун накъосталла до цо поэтана?

-Напха муха доькъу цаьршимма?

-Муха лета и шиъ мостаг1ех?

-Муха бехкам бина дошлоно шен динах мостаг1чунна?

VΙΙ.Урокан жам1 дар.

-Вай урокан ц1е х1ун ю?

-Муьлха автор ву вай тахана 1амийнарг?

-Цо язйина муьлха илли вай тахана 1амийна?

Ком-ть еш оценкаш д1ах1иттайо.

VΙΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.аг1о144-145 бографи 1амае.

2.аг1о145-147 чулацам схьабийца.

Г1а урок.

Урокан ц1е:Рашидов Ш.«Даймохк»

1алашо:Авторан дахар а, кхолларалла а довзийтар.

Произведин чулацам бовзийтар.

Урок д1аяхьар.

Ι.Урокан болх д1ах1оттор.

ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.

Фронтальни хаттарш.

-Муха хета поэтана шен дин?

-Т1амехь х1ун накъосталла до цо поэтана?

-Напха муха доькъу цаьршимма?

-Муха лета и шиъ мостаг1ех?

-Муха бехкам бина дошлоно шен динах мостаг1чунна?

2.Дешархошка ц1ахь 1амийна стихотворени дагахь схьаюьйцуьту.

ΙΙΙ.Керла коьчал йовзийтар.

Рашидов Шах1идан дахар хала хилла.Вина 1940 шарахь 15-чу ноябрехь,Энгель-юьртахь.Сталина къиза кхел бахьанехь,бераллин мерз амур хийрачу Г1ирг1азойн махкахь чекхбаккха дийзира хинволчу поэтан.Нохчийн халкъ шайн махка ц1адирзинчул т1аьхт дуьйна вехаш а 1аш а ву иза ша винчу юьртахь.Нохчийн халкъ шайн махка ц1адирзинчул т1аьхьа дуьйна вехаш а.

60-чу шерийн юьккъехь дуьйна поэзи езархоша тидам т1ебохуьйту газетийн ,,Орга” альманах аг1онаш т1ехь гучуюьлучу цуьнан стихашна.

1968-чу шарахь дуьйна цхьаъ вукхунна т1аьхье арайийла йолало Рашидовн стихийн,поэмийн гуларш «Гуьренан тхи»1968; «Седарчийн буьйса»(1971); «Сатийсар»(1976); «Дайн латта»(1979); «Ломара ц1е»(1986); «Дахаран аре»(1990); «Ненан б1аьрхиш»(1995).

ΙV.Словарни болх.

Даймохк-Родина

Байт-стих

V.1амийнарг т1еч1аг1дар.

Дешархошка стих ешийтар.

Дуьххьара шера а, дика а йоьшуьйту дешархошка.

Дешархошка шаьш ма кхеттара схьаюьйцуьйту стих.

VΙ.Хаттарш а луш д1ахьо болх.

-Шен Даймахке болу безам муха гойту поэта?

-Поэтана Даймохк хьоме хилар стенах хаьа вайна?

-1аламан суьрташ муха гайтина стихотворенехь?

-Лирически турпалхочун дог стенг кхевдина ду?

VΙΙ.Урокан жам1 дар.

-Вай урокан ц1е х1ун ю?Муьлха автор ву вай тахана 1амийнарг?

-Цо язйина муьлха стихотворени вай тахана 1амийна?

-Шен Даймахке болу безам муха гойту поэта?

Ком-ть еш оценкаш д1ах1иттайо.

VΙΙΙ.Ц1ахь бан болх.

1.аг1о148-149 биографи еша.

2.аг1о149 дагахь 1амо.

Г1а урок.

Наши рекомендации