Урокан ц1е:Билгалдош классашца хийцадалар.
1алашо:Хаа деза, муьлха билгалдешнаш хийцало классашца,
Иштта билгалдаккха деза,церан хийцадалар шайца
долчу ц1ердешнашца хьаьжжина хилар.
Юкъаметтигаллин билгалдешнаш классашца ца хийцало;
хаа деза , х1унда ца хийцало.
Урок д1аяхьар.
Ι.Урокан болх д1ах1оттор.
ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.
1.Фронтальни хаттарш:
-Муха кхоллало лаамазчу мухаллин билгалдешнийн дуккхаллин терахь?
-Муха хийцало юкъаметтигаллин билгалдешнаш дуккхаллин терахьехь?
-Лааме билгалдешнаш хийцалой дукхаллин терахьехь?Даладе масалш.
2.Дешархошка доьшуьйту ц1ахь кхочушдина 45-г1а шардар.Ц1ердешнийн дожар,терахь,класс, легар билгалдаккха.
ΙΙΙ.Дешархошка шайга болх байтар.
1.Кхочушдо 44-г1а шардар.
2.Билаглдаха ц1ердешнийн терахь а, дожар а, класс а, легар а.
Дикачу ойланца, тхевне хьоьжура, д1адаханчу к1иранах,асфальтан некъаш, хазачу йо1ана,къонахчун дешнаш.
ΙV.Керла коьчал йовзийтар.
Уьна а, тетрадаш т1ехь а д1аязйо х1ара кеп:
Классашца хийцало | Классашца ца хийцало |
1.Шайца классни гайтамаш болу мухаллин билгалдешнаш:йоккха,воккха,доккха,боккха. Церан хийцадалар ц1ердешнашка хьаьжжина хуьлу:йоккха дечиг, боккха етт, доккха хи, воккха хьаьким. | 1.юкъаметтигаллин билгалдешнаш:оршотан де, баьллийн мутт,б1арийн т1амарш. 2.Х1уманан бос, чам гойтуш долу билгалдешнаш: Можа лимон, теза берам, баьццара аре, муьста шура. |
-Х1окху кепе а хьожуш, дешархоша билгалдоккху, муха ду билгалдешнийн классашца хийцадалар.
V.1амийнарг т1еч1аг1дар.
1.Кхочушде 46-г1а шардар.
2.Учебникан дошам т1ера схьаязде аграрни,айпе боху билгалдешнаш.Дийца церан лексически маь1на,тайпа.Классашца хийцалой уьш?
-Уьш юкъахь долуш ши предложени язъе.Схемаш х1иттае царна.
3.Доца,боца,йоца,воцабохучу билгалдешнашна улло маь1ница дог1у ц1ердешнаш язде.
Барта предложенеш х1иттае цаьрца.Дийца билгалдешнийн классашца хийцадаларх лаций.
VΙ.Урокан жам1 дар.
1.Тема ч1аг1ъеш хаттарш ло.
2.Комментировать еш оценкаш д1ах1иттайо.
VΙΙ.Ц1ахь бан болх.
1.Кхочушде 48-г1а шардар.
2.1амае 6-г1а §.
3.1аламах сочинени ц1ахь язйо тетрадаш т1ехь.
Г1а урок.
Урокан ц1е:Мухаллин билгалдешнийн даржаш, церан кхолладалар,суффиксаш.
1алашо:Мухаллин билгалдешнийн даржаш муха кхолладелла хаар,церан суффиксаш.
Муха кхоллало т1ехдаларан дарж, и кхоллалуш г1оьналлин дешнаш:
Сов,т1ех, вуно, 1аламат, инзаре, уггаре а.
Урок д1аяхьар.
Ι.Урокан болх д1ах1оттор.
ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.
1.Дешархоша дуьйцу ц1ердешнийн классашца хийцадаларх лаьцна.
2.Доьшу ц1ахь кхочушдина 48-г1а шардар.
3.Шина-кхаа дешархочуьнга йоьшуьйту 1аламах сочиненеш.Г1алаташ тодо.
ΙΙΙ.1амийнарг карладаккхар.
1.Уьн т1ехь хьалххе кечйина ю схемаш. Цаьрга а хьожуш, предложенеш х1иттае, уьш д1аязъе.
А: «М» . «М!»-а.
«М!»-а. «М»,-а.
-Дуьйцу ма-дарра къамелехь дохкучу сацаран хьаьркех лаьцна.
2.Лаамазчу билгалдешнех кхолла лааменаш.Суффиксаш сизашца билгалъяха.
Хьаг1ан к1ур, хьавлин мах,ц1евнийн мог1а,к1езан г1овг1а,хьомсара накъост, боккха мохк.
-Терахьашца хийцалой уьш? Классашца хийцалой лааме билгалдешнаш? Даладе масалш.
ΙV.Керла коьчал йовзийтар.
Уьна а, тетрадаш т1ехь а д1аязйо х1ара кеп:
Юхьанцара дарж. | Дустаран дарж | Т1ехдаларан дарж. |
Мухалла кхечу дешан мухаллех юсту. | Х1уманан мухалла кхечу х1уманан мухаллех юсту | Шина дашах лаьтта,х1уманан мухалла лакхаялар гойту. |
К1айн,дика, к1еда,оьзда,сийна,буьрса, оьг1азе. | К1айхо,дико,к1едо.сийно,оьздо, буьрсо, оьг1азо. | Сов к1айн,т1ех к1еда, 1аламат сийна,вуно буьрса,уггаре оьг1азе. |
-Муха ду мухаллин билгалдешнийн даржаш?
-Ц1е яккхал церан.
-Муха кхоллало уьш?
-Т1ехдаларан дарж маа дашах латта тарло? Жам1 до билгалдешнийн даржийн кхолладаларх лаьцна.
V.1амийнарг т1еч1аг1дар.
1.Кхочушдо 50-51-г1ий шардарш.
VΙΙ.Дешархошка шайга болх байтар д1ахьо шина кепехь:
Ι | ΙΙ |
1.Кхочушдо 47-г1а шардар. 2.Кхочушдо 52-г1а шардар. 3.52-чу шардар т1ера 3-чу предложенина бе синтаксически къастам. 4.Вог1ург бохучу дашна бе дешх1оттаман къастам. | 1.Кхочушдо 49-г1а шардар. 2.Кхочушдо 53-г1а шардар. 3.Дешх1оттаман къастам бе къинхетам ,аьхкенан бохучу дешнашна. 4.Буьйса бохучу дашна бе фонетически къастам. |
VΙ.Урокан жам1 дар.
1.Тема ч1аг1ъеш хаттарш ло.
2.Комментировать еш оценкаш д1ах1иттайо.
VΙΙ.Ц1ахь бан болх.
1.Х1ора билгалдешан даржана даладе пхиппа масал.
2.1амае 7-г1а §.
Г1а урок.
Урокан ц1е: Билгалдешнийн легарш, дожарийн чаккхенаш нийсаязъяр.
1алашо:. Билгалдешнийн дожарийн чаккхенаш нийсаязъяр, уьш муьлхарш ю хаар.
Билгалъяха еза лаамечу билгалдешнийн лач дожаршкахь йолу чаккхенаш.
Урок д1аяхьар.
Ι.Урокан кечам бар.
ΙΙ.Хьалххе хаийтаран диктант.
Цхьа исбаьхьа гора хьаннийн аьрцнаш. Мерзачу набарна йийшича санна хеталора цхьаццанхьа стиглахь гулъелла к1айн мархаш. Б1аьстенан т1аьххьара денош дара хазделла лаьттарш.
-Ишттачу цхьана дийнахь хьаьвда дан ж1олмаш ян воьдучу шен воккхачу вешина Салман гонаха хьаьвзира.
-1усман, со а ваийтахь, ас г1о дийр ду хьуна…,-элира Салмана.(Д.Кагерманов.)
-Билгалдешнийн терахь, тайпа билгалдаккха.
-Мерзачу бохучу билгалдашах дустаран,т1ехдаларан даржаш кхолла.
-Исбаьхьа бохучу дашна синонимаш ялае;к1айн,мерзабохучу дешнашна антонимаш ялае.
ΙΙΙ.Хьалха 1амийнарг т1еч1аг1дар.
1.Билгалдешнаш дустаран а, т1ехдаларан а даржашкахь д1аязде.
-Дийца,муха кхолладелла уьш.
1аьржа буьйса,лекхачу дег1ахь,векъана стаг,еха коч,жима йо1,к1орга г1у,чехка ойла,хала болх,ондий кевнаш,чолхе зама,сирла б1аьргаш,кхоьллина де.
-Барта даха билгалдешнаш дукхаллин терахье.Муха кхоллало иза?
2.Буткъа,вуткъа,дуткъа,юткъа, бохучу билгалдешнаша улло язде цаьрца маь1ница дог1уш долу ц1ердешнаш.
-Лааме билгалдешнаш кхолла царех.
-Шинца х1оттае предложенеш а,царна схемаш а.
ΙV.Керла коьчал йовзийтар.
1.Легадо тешаме накъост,тешамениг боху лаамаза а,лааме а билгалдешнаш.
-Муьлха билгалдош дара хьалха легийнарг?Шолг1а?
-Муьлха билгалдешнаш чудог1у 1-чу легарна?Шолг1ачунна?
-Чаккхенаш сизашца билгалъяха,муха хуьлу уьш лаамазчу мухаллин билгалдешнийн?Лаамечеран?
2.Йоьшу 8-г1а§.
3.Жам1 до:1)Мухаллин лаамазчу билгалдешнийн(1 легар) лач дожаршкахь чу чаккхе хуьлу.
2)Лааме билгалдешнаш(2легар) хийцало 4-чу легаран чудог1у ц1ердешнаш санна.
V.1амийнарг т1еч1аг1дар.
1.Кхочушдо 55-г1а шардар.
2.Кхочушдо 57-г1а шардар.
3.35-чу аг1он т1ехь долчу хаттаршна жоьпаш ло.Масалш даладе шардарш т1ера.
VΙ.Дозуш долу къамел кхиор.
«Г1ИЛЛАКХИЙН ХАЗНА»
1)Стагана вон болх хилча-халахетар, дика болх хилча-халахетар.
2)Гиллакхан мах ахчанца хадалуш бац.
3)К1оршаме стагнахана везаш вац.
4)Хазачу духарцатодина стеган куц,оьздангалла цуьнца яцахь, доьхна ду.
5)Стаг вовза лаахь,цуьнан ойланийн к1оргенашкакхиа веза(С.Цугаев)
-Легаде билгалдаьхначу дешнийн цхьаьнакхетарш.
-Йийца церан легаран бакъонаш .Чаккхенаш сизашца билгаляха.
-Схьаязъе антонимаш.Царех шинца барта х1иттае предложенш.
-Билгалдешнийн терахьаш, тайпанаш, дражаш,легарш къастаде.
-Г1иллакхе,к1оршаме,хаза бохучу билгалдешнашна ялае синонимаш.
-Морфологически къастам бе 5-чу предложнерчу ц1ердешнашна.
VΙΙ.Ц1ахь бан болх.
1.1амае 8-г1а §.
2.Кхочушде 54-г1а шардар.Билгалдешнийн дожарш къастаде,дийца церан легар.
Г1а урок.
Урокан ц1е: Билгалдешнийн кхолладалар, церансуффиксаш.
1алашо:Хаа деза, муха кхоллало билгалдешнаш.
Маса некъ бу уьш кхолладаларан.
Муьлхачу суффиксийн г1оьнца кхоллало уьш.
Урок д1аяхьар.
Урокан кечам бар.
ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.
Дешархошка уьн т1ехь кехаташца болх байтар.
1 –ра кехат |
1.Дийца билгалдешан классашца хийцадаларх лаций. 2.Легаде болатан эчиг,кхоран синтар,букара сиз боху дешнийн цхьаьнакхетарш, букарниг-лааме билгалдош.Чаккхенаш сизашца билгалъяха,церан нийсаязъяран бакъонаш йийца. 3.Масех г1иллакхе хьехам д1аязбе. |
2-г1а кехат |
1.Дийца мухаллин билгалдешнийн даржаш.Даладе масалш. 2.Бекъана,декъана ,екъана, векъана бохучу билгалдешнашна уллохь язде цаьрца дог1у цё1ердош.Лааме билгалдешнаш кхолла царех ,шиъ легаде,Чаккхенаш билгалъяха. |
3-г1а кехат |
1.Билгалдешнийн легарш,дожарийн чаккхенаш нийсаязъяр. 2.Билгалдешнийн тайпа,терахь, класс,дарж,дожар, легар билгалдаккха: 1алавдин говзалла, даккхийчу лаьмнийн , нохчийн лаьттан маь1данашна, Орган тулг1енех, цхьогалан к1орнешца. |
ΙΙΙ.Кхеторан диктат.
Сай, бодий къастале Мелимата Деле шен доьзалан некъ дика хилийтар доьхуш ламазана кечамаш беш тассий,г1уммаг1ий хьадина, самабаьккхира ховхачу набарха боьлла доьзал.Мелимата дешначу аятан вахана шайн говраш а,стерчий а 1алашдеш хьаьвзира 1аба.(Ш.Окуев)
-Билгалдаха билгалдешнйн дожарш,йийца церан чаккхенаш нийсаязъяран бакъонаш.
-Предложенийн цхьанатайпанарчу меженашна буха сиз хьакха , дийца царна ехкинчу сацаран хьаьркех лаций.
-Антонимаш билгалъяха
-Дешнаш бохучу ц1ердашна бе морфологически къастам.
ΙV.Керла коьчал йовзийтар.
Уьна а, тетрадаш т1ехь а д1аязйо х1ара кеп:
Билгалдешнийн кхолладаларан некъаш: | Суффиксийн г1оьнца кхоллало: | Масалш: |
1-ра | -ан,-нан,-анан,-ран,-ман. | Не1аран т1ам,кучан нуьйда,к1айн к1ади,дог1анан т1адамаш. |
2-г1а | -ар,-ер. | Г1алара совг1ат,1умарера кехат. |
3-г1а | -за,-аз | Оьг1аза,дегаза,сийсаза,эвхьаза. |
-Ц1ердешнаш доланиг дожарехь билгалдешнийн маь1нехь лелий?Муьлхачу суффиксийн г1оьнца кхоллало уьш?И муьлха некъ бу?
-Ц1ердешнех кхоллалой билгалдешнаш?Муьлхачу суффиксийн г1оьнца?Иза муьлха некъ бу?
-Муха кхоллало дацаран маь1нехь долу билгалдешнаш?Муьлхачу суффиксийн г1оьнца? Цунах муьлха некъ олу?
-Жам1 до,билгалдешнийн кхолладаларан некъаш а дуьйцуш.
V.1амийнарг т1еч1аг1дар.
1.Кхочушдо 58-г1а шардар.
2.Учебникан дошам т1ера схьаязде билгалдешнаш; дийца, уьш муха кхолладелла(доланиг дожарехь ц1ердешнашна уллохь яздан мегар цу ц1ердешнаш).
Кеп:башламан бохь, басе, болатан диг, мангал.
VΙ.Дозуш долу къамел кхиор.
Учебник т1ехь ду сочинени язъяран г1оьнна х1иттийна хаттарш.Сочиненин ц1е ю:«Нохчаша эхье,сийсаза лоруш дерг».
Сочиненина у балхана юкъаяло мегар долуш.
Хьехархочун г1оьнца дешархоша кечам бо сочинени язъян.
VΙΙ.Ц1ахь бан болх.
1.1амае 9-г1а §.
2.Кхочушде 59-г1а шардар
Г1а урок
Урокан ц1е:Т1еэцна билгалдешнаш.Церан легар а,суффиксийн нийсаяздар а.
1алашо:Хаа деза,муьлхачех олу т1еэцна билгалдешнаш,
Церан нийсаязъяран бакъонаш.
Урок д1аяхьар.
Урокан кечам бар.
ΙΙ.Ц1ахь бина болх таллар.
1.Кхочушдина шардар барта толлу.
2.Бакъонаш схьаюьйцуьйту.
ΙΙΙ.Дешнийн диктант.
Яккхий хьаннаш, Кавказан курорташ,шуьйра хи,къаьхкинчу говро, коган айраш, дуткъачу орамел, дог1анан хиш, 1аламан хьелашка,к1изигчу ханна, нехан даьхнех, хьуьнан стоьмашца, чен к1орнеш,
сирлачу батто.
-Билгалдешнийн терахь, тайпа, дожар,класс, легар билгалдаккха.
-Лаамазачу билгалдешнех лааменаш кхолла.
-Легадекхерам,ваша боху дешнаш.
ΙV.Керла коьчал йовзийтар.
Уьна а, тетрадаш т1е а д1аязйо кеп:
Ца хийцало. Т1эцна лаамаза билгалдешнаш: аграрни хьесап | Хийцало Т1еэцна лааме билгалдешнаш: альпийскинчун |
аграрни хьесапах аграрни хьесапца | альпийскинчунна альпийскичунна |
V.1амийнарг карладаккхар.
1.Кхочушдо 60-г1а шардар.
2.Легадо электрически лампа ,спутниковиниг, экономически дахар .
Тест.
1.билгалдешнийн маса кеп ю?
1)3, 2)2; 3)8.
2.билгалдешнийн маса дарж ду?
1)4; 2)5; 3) 3.
3.Лаамазнаш схьакъастаде.
1)церан арц,буьйса;
2)расханиг,оьзданиг.
3)можа 1аж,сийна коч.
-Чаккхенаш суффиксаш билгалъяха.
-Йийца церан нийсаяздаран бакъонаш.
VΙ.Жам1 дар.
-Т1еэцна лаамаза билгалдешнаш муха лела?
-Дожаршца хийцалой лааме билгалдешнш?
VΙΙ.Ц1ахь бан болх
1.1амае 10-г1а §
2Кхочушде 62-г1а шардар.
Г1а урок.